Муьлхха а юкъаралла шен тIекхуьучу тIаьхьенан ойла еш а, цуьнан хиндолчун гIайгIабеш а, халкъан иэсехь долу диканиг цо схьаэцаре сатесна а хуьлу. Къоман мотт а, культура а, истори а, гIиллакхаш а, ламасташ а кегийчарна Iамош а, цара уьш, тIе а лаьцна, лардан лууш а хуьлу баккхийнаш. ХIунда аьлча къоман хиндерг тIекхуьучу тIаьхьенца доьзна ду, цунах дозуш а ду. Цундела мел леринчу тергонехь хила еза и тIаьхье, вайн кегийнаш!Ши к1ира гергга хан яьлла Казань-гIалахь, номер 175 йолчу гимназехь ирча бохам хилла. И дешаран заведени масех шо хьалха чекхъяьккхинчу, 19 шо долчу жимачу стага, дийнан делккъехь ван а веана, топ етташ, 9 стаг вийна, царах 7, 14-15 шераш долуш, дешархо ву, 2 хьехархо а ю. Цул сов, ткъех стаг лаза а вина цо. Уьш берриш а дарбанан цIийнехь бу, царах цхьаберш вуно ледарчу хьолехь а болуш. И къиза болх хIунда хилла? Х1ун бахьана ду цуьнан? Кхетам болуш, хьекъална талхаза хиллий те и нах байина волу Ильназ Галявиев? Иштта хаттарш кхоллало, цу гIуллакхна тIаьхьакхиа воьлча. И саннарг Iапказ-хIордал дехьа, Америкехь цхьанхьа, хилча-м вай башха цец а ца довлу, хIунда аьлча тIаьхьарчу 20-30 шарахь и саннарг цигахь сих-сиха нисло. Амма Россехь иза хилча, вайна тамашийна хета, кхузахь а и саннарг дуьххьара хуьлуш дацахь а. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, Ильназ Галявиев коьртана дикка галваьлла хиллачух тера ду. Ша дела ву, дерриге а чохь са долу хIума хIаллакдийр ду ша, бохуш, хаамаш язбеш хилла цо интернетан сеташ чохь. ЛартIехь волчо-м ишттаниг яздийр а ма дац. Доьзалехь а деца-ненаца юкъаметтиг телхина хилла цуьнан, да-нана чохь новкъадолуш. Эххар а уьш а, кхуьнан ваша а кхечу хIусаме дIабахана.
Ша гимназера ваьлча, колледже деша вахана Ильназ. Дешарца ларош, низам ца талхош, леларца оьзда волуш билгалваьлла иза цигахь. Амма стохка декабрехь иза цIеххьана хийцавелла: занятеш дIа а тесна, деша ца воьдуш цIахь сецна. Кху шеран оханан беттан 26-чу дийнахь (апрель) колледжера дIавоккху иза, деша ца леларна. Цул тIаьхьа 2 де даьлча, Ильназа туьканара топ а, цуьнца шортта патармаш а оьцу. Уьш эца бакъо вуно атта йоккху цо. Психиатро, хIара могуш ву олий, справка ло, кхечара а оьшуш долу кехаташ кечдо. Муха нисло иштта гIуллакх? Ма атта кхаьчна хинволу нахбойург герзана тIе. Хилларг хилла даьлча-м тIаьхьа ма дуй. ХIинца, бехкенаш лоьхуш, къахьега деза бакъонашларъяран а, талламан а органийн. Ткъа бехкениг, уггаре а хьалха, ша зуламхо ву. ХIинца цуьнан психически могашалла толлуш ю, боху. И могашалла-м билггал шеконехь ю цуьнан. Ткъа муха лелийтина нах байа кечвелла волу, ша дела ву боху стаг адамашна юккъехула дIа? Деца-ненаца, вешица юкъаметтиг а талхийна, ма-дарра дийцича, уьш чуьра арабаьхна волу галваьлла стаг саца хIунда ца вина? Орца хIунда ца даьккхина цуьнан гергарчара, лулахоша? Амма иштта хир ду аьлла, дагадена хир дац-кх цхьанна а. Само ца йина, я цхьаьннан бала ца кхаьчна.
Ильназ дика кIант вара боху цуьнца дешначу накъосташа. Школехь а, колледжехь болчара дикачу агIор вуьйцу иза. «Ву-вац а ца хууш, тийна вара, девне вацара, оьшучохь гIо дан а кийча вара», – боху цара.
Хууш ма-хиллара, интернето боккха тIеIаткъам бо нахана, къаьсттина кегийчарна. Вайна дагадогIу масех шо хьалха «сийна кит» цIе йолчу интернет-сайто кхиина догIу дуккха а бераш хIаллакдар. И саннарг хIинца а долуш ду, дIадаьлла дац вайна юкъара. Тайп-тайпана кепаш лоьхуш, хьалха санна даррехь и болх ца беш, кегийчарна тIеIаткъам бо интернета чуьра зуламхоша. Кегийнаш Iехо, церан кхетам талхо дика хаьа Делан оцу мостагIашна. Вониг, телхинарг, адам цадезар марздо цара хьекъална кIоргенза, кхетамна гIорасиз болчу кхиазхошна.
Хьалха, советан заманахь, цунах «буржуазни идеологин тIеIаткъам» олура. Советан кегийрхой, ма-дарра аьлча, дерриге а халкъ «аьчкан кирхьанна» тIехьа латтош дара, вочу хIуманах, талхарх иза лардеш. Iедало шена нийса ца хетачу идеологех дIахердинера вай: паргIат ваха а, ван а, дуьне а, кхидолу къаьмнаш а, церан культура а, Iер-дахар а довзар вайна дихкина дара. Вайн пачхьалкхах «халкъийн набахти» олура кхечу мехкашкахь. Иштта дан а дара иза. Халкъан синан маршо яцара, нийса доцург нийса дац ала йиш яцара, амма вай «онддачу кертана тIехьа» Iалашдеш дара, «вайна цхьа а кхерам бац» бохуш. Советски Союз, йоьхна, дIаяьлча, Малхбузера идеологи вайна чуеара, дуьхьалара чIинг дIа а яьлла, чухецаелла Iовраш санна. Цуьнца диканиг а, вониг а дара, вайна цадевзарг, цагинарг аслам а долуш. Оцу хьелашкахь малхбуьзера хаамийн гIирсаш, кино а, телевидени а вай кхето а, Iамо а юьйлаелира. Уггаре а хьалха церан «продукци» кегийчарна лерина яра. Уьш бара, тахана а болуш бу цара тергоне эцнарш. Кинохь малхбузерчу идеологоша ондачу, цхьана а стагах возуш воцчу, шен лаамехь волчу стеган васт ду гойтуш, мел чолхечу хьолехь а цунах толамхо хуьлу. Ткъа кегийчарна хьанна луур дац муьлххачу а хьолехь толамхо хила? Иза цхьа масал бен дац, церан культури а, идеологи а юкъара вай далийна, амма уьш шортта хир дара, вай дийца даьхча. «Суперменан» васт чIогIа даьржина ду малхбузен керлачу культурехь. Ткъа хIинца вай кегийчарна а иза марздеш ду цара. Иштта гучубовлуш бу-кх россихошна юкъахь а «суперменаш» ГалявиевгIар. Иштта турпалхой оьший те вайна? Царах пайда болий те вайн ешархошна, хьовсархошна, ладогIархошна?Иза къасто хаар ду вайна оьшуш дерг.
Бераш а, хьехархой а байина, гимназера араваьлча, полицин каравахана зуламхо, цхьа а дуьхьало а ца еш. Цуьнан гIуллакх толлуш ду, денна а керл-керла хьелаш схьа а доьллуш. Амма, схьахIуьттучу суьртехь, таханлерчу дийнахь Россин уголовни кодексаца догIуш долу уггаре луьра таIазар дан тарло Галявиев Ильназана – велла дIаваллалц набахти чохь хан яккхар. Иза цунна догIуш таIзар ду. Мел галваьлла хиллехь а, ша адамаш дайа цадезий ца хууш вац иза. Галваьлла, мел галваьлла медицинин говзанчаша къастор ду.
Вайн республикехь, Делан къинхетамца, хьал цу кепара дац. Вай кегийнаш ларлуш бу вочух, дастамчух, шайна а, гергарчарна а тIе эхь доуьйтучух. Иза, цкъа-делахь, вайн республикин Iедало кегийчаьрца кхетош-кхиоран болх нийса дIахьош хилар а, шолгIа-делахь, динан гIуллакххоша халкъаца биллина болх беш хилар а, кхозлагIа-делахь, ерриге а юкъааралло шен тIекхуьу тIаьхье оьзда а, дайн гIиллакхашкахь а кхиош хилар а ду. Тахана вай даккхийде кегийнаш, бусалба дин а, Къуръан а Iамош, АллахIана Iамалъеш хиларх. Уьш, нохчийн гIиллакхаш, ламасташ лардеш, схьабогIуш хиларх. Вайн халкъан кхане дика хирг хиларх теша йиш ю вайн. Амма гуттар а сема хила деза, мостагI а ма вац вижина Iуьллуш. Цо кегийчарна хIуъа а марздийр ду. Ткъа уьш, кегийнаш, ларбар, нийсачу новкъа бахар вайн коьрта декхар ду.