ЦКЪА А ЙИЦ ЛУР ЙАЦ

Де дийне мел долу, 1ожаллин бахьанца вайна юкъара цхьацца берш эхарта боьрзуш бу. Вайна уллора, бевзаш а, безаш а болу нах д1абахча вуно хала а хета. Вайна мел ца лаарах а, иштта дахаран киртиг х1оранна т1е 1оттало. Ишттачохь хала ду дош ала а, вист хила а. Амма, кху деношкахь д1акхелхинчу сайн хьехархочун хьокъехь масийтта дош ца яздеш 1а ца ло со.Аларна я дийцарна а доцуш, боккъала бакъ долуш, дог-мотт цхьаъ долуш ала лаьа суна сайн дуьххьарлерачу хьехархочух лаьцна. Мохьмадсалехьан Тоихьат массарна дика а йолуш, шегара схьаэца шортта масала а долуш, дешархошна а, хьехархошна а ч1ог1а дукха а езаш, дика а, комаьрша а, оьзда а йара. Суна иза дика евзара, х1унда аьлча и сан дуьххьарлера хьехархо йара, ткъа аса цунна хьалха деа шарахь дешнера. Х1ора а дешархочун сине, кхетаме дош, шен хаарш д1акховдо а, д1адала а хууш, дика, говза, гуттара ша 1амош долчу берашна хазахетча, самукъа а долуш, халахетар хилча вуо а хеташ, царна пайда хилийта х1уъу дийр долуш, ша ца кхоъош къахьоьгура цо. Кхин болчу хьехархошна халахетийта а ца лаьа суна, амма Тоихьат, хазачу дашна комаьршаъ йолуш дикачу аг1ора къаьстара бисинчарах. Иза санна бераш дукха дезаш хьехархой суна дукха ца гина.Цо бечу балхах уггаре пайдехьа дерг, иза бераш кхетош-кхиорехула хьоьгуш долу къа а, иштта церан халкъе а, махке а кхуллуш болу безам а бара. Баккхий нах ларар, оьшучунна г1о дар, иштта вайн бусулбанийн динахь а, вайн къоман 1адаташкахь а, ламасташкахь а дайшкара схьадеана г1иллакх хьехар, оьзда лела 1амор, дийцина ца валлала, дуккха мехала болх бора Тоихьата. Ала дог1у, бераша самукъадолуш, ладуг1ура цо дуьйцучуьнга а, цуьнан «хьехамашка» а. Шен дуьненан дахар чекхдаллалц берийн дуьхьа къахьегна цо. Со тешна ву, массо а иза евзаш болчаьрна гуттарена а Мохьмадсалехьан Тоихьат дагахь йуьсур йу уггаре дикачу хьехархойх цхьаъ аьлла. Цо шех йаккха боккъала а дика ц1е йитина. Дала геч дойла Тоихьатна. Дала собар лойла халахетаран дакъа мел кхаьчначунна. 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля