Нохчийн мотт – Делера мехала совгIат!

Сан цхьа а шеко йац, муьлхха а адам шен ненан мотт безаш а, лоруш а хирг хиларах. Къаьсттина, х1ара дешнаш дог1у вай аг1орахь дехаш долучу халкъашна. Х1унда аьлча, х1инццалца схьа, сан йукъаметтиг хиллачу кхечу къаьмнийн векалашца оха и г1уллакх сих-сиха дийцаре дора. Церан ойла сайчуьнца цхьанайог1уш карайора суна.

Чиллин 21-чохь массо а дуьненахь билгалдоккхуш ду «Ненан меттан де». Цуьнца доьзна, вайн республикехь, дукхаха йолучу регионашкахь санна, и даздеш д1ахьош белхаш дара. Царах цхьаъ – йукъараллин ишколашкара 11-г1а классийн дешархошна йукъахь байташ йоьшуш къийсамаш д1абахьар. Бовзийта лаьа оцу къийсамийн бехкамаш. Хьалхарчу муьрехь дешаран туьшан т1ег1анехь д1ахьо, шолг1а дакъа – к1оштан йа г1алин толамхо хоржу, ткъа царах толам баьккхинариг кхин д1а г1о. Чиллин ткъалг1ачохь кхоалг1а мур д1абаьхьира Дагестанан йерриге респибликин йоккхаллин т1ег1анехь. Кхузахь дакъалоцуш бара Хасавюрт г1алара а, Хасавюртовски а, Новолакски (Ауховски) а, Казбековски а к1ошташкара кхоккха дешархой. Ткъа цара биначу кечамашна а, йоьшучу байташна а мах хадош бара ГБЛОУ «Колледж сферы услуг» дешаран учрежденин хьехархо, филологин 1илманийн кандидат йолу Милиева Марият а, Хасавюрт г1алин МКОУ «СОШ №15» ишколин а Новолакски (Ауховски) к1оштан МКОУ «Новочуртахская СОШ №1» ишколин а хьехархой Орзумиева Раиса а, Бачикова Инканат а. Жюрин декъашхошна шайн пох1малла а, шаьшша бина кечамаш а гойтуш, лаккхара мах хадойта къахьоьгуш байташ йийшира дешархоша. Къийсамийн жам1ашца меттигаш иштта нисбелира
1 — Мусаева Амина (МКОУ «Ямансуйская СОШ»). Сулаев М. – «Сайн нене».
2 – Мусаев Хьасан (МКОУ «СОШ17»). Рашидов Ш. – «Сан ненан мотт».
2 – Гудаев Мовлид («Гимназия Культуры мира им. А. Д. Адилсотанова»). Дудаев М. – Сан доттаг1».
3 – Хаджиева Раяна (МКОУ «Османюртовская СОШ им. И. А. Бейбулатова»). Закриева П. – «Сан Даймохк».
Цхьа а шеко йац, мах хадочара шайн болх тешам болуш бина хиларах. Х1унда аьлча, царах муьлхха а, дуккха а шерашкахь ненан мотт хьоьхуш, т1екхуьу чкъор кхетош-кхиорехь къахьоьгуш, вайна мехала кхане кхиош, хьаннала къахьоьгуш схьабог1уш бу. 
Гергарчу хенахь толамхой шайн-шайн ишколашкахь грамоташ а, кхин долу совг1аташ а луш, хьехархойн тобана ц1арах баркалла а кхайкхош декъалбийр бу. Церан массеран а Дала аьтто бойла.
Йерриге Кавказ географин дозанашца йуьстича ша йоккха йацахь а, шена чохь дехачу къаьмнашца дуьстича, дикка йоккха хета. Царах х1ора а, б1ешерийн йохаллехь шен мотт а, 1адаташ а, ламасташ а, истори а кхиош, вайн хене кхаччалца схьадеана. Кхузахь билгалдаккха лаьа, массарна йукъахь уггар а дукха хало хьегнарш вай нохчий бу. Шемал заманахь оьрсийн империн дуьхьал т1емаш деш коьрта дакъалоцуш нохчий хилла. Йуха, ткъейоссалг1а б1ешерийн чаккхенехь и, ткъалг1а б1ешерийн йуьххьехь а 1едало ницкъаш беш вайх цхьадолу дакъа махках даьлла Туркойн а, Иорданин а, Шеман а махка д1абаха дийзина. Россин 1едал большевикийн карахь ч1аг1деллачулла т1аьхьа, цара массо а меттигашкахь оьрсийн ишколаш йохкуш, вайн ненан маттана г1еххьа ницкъ бина. «Ницкъ бина» бохург х1ун ду аьлча, оьрсийн мотт бийцаре баре терра, хан мел йолу т1екхуьу чкъор нохчий мотт бицлуш схьадеана. Боккха иэшам хилла вайн маттана а, культурина а, махках даккхар бахьана долуш а. Советийн 1едал т1ех1оьттина лаьттинчу кхузткъе итт шарахь вайн къоман бу-бохху йаздархой бан ма-безза шайн болх бан ца битина. Бакъдерг йаздан ца могуьйтуш, ма-дарра йаздинарг набахти чу вуллуш, церан белхаш зорбане ца тухуьйтуш, иштта дуьхьаллонаш йина царна. Цул совнаха, дукха йолу ишколашкахь нохчийн меттан урокаш йехка т1аьхьо йолайелла. Амма, иштта халонаш йара аьлла доцуш, вайн мотт биц а ца беш кху дийне схьадаьхкина вай. Иза ду хазахетарг. Дала мукълахь, вай кхин д1а а кхиор бу вайн ненан мотт.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля