Массарна а сийлахьниг

Вайх муьлххачунна а, цхьа а шеко йоцуш, дуьненахь бехачарах, уггаре ч1ог1а марзо ненаца хоттайелла йу. Цо вайна дахар делла, мотт 1амийна, г1иллакхаш хьехна. Вай кху дуьненан дахаре кечдеш, хеназа къежйелла, къанйелла иза. Цундела, вайх массо а декхарийлахь ву, аьтту болччу барамехь цуьнан сий дан а, иза лара а. Ткъа дисинарг  дерриге цул т1аьхьа ду.

«…Сийлахь Нана! Хастам хьуна!
Берийн дуьхьа яьхна хьо!
Генахь хиларх,тхаьш мацделча
Хьан комаьрша куьйгаш го…»
А.Сулейманов

Бакъду, Аллах1 Дела цхьаъ вар а, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-саршалла хуьлда цунна) бакъ вар а коьртаниг ду вайн. Х1унда аьлча, вайна массарна а хууш ду, Делан пурбанца бен, кху лаьттан иэкъант1ехь цхьа а х1ума хила йиш йац. Вай тешна ду, Цо кхоьллина а, Цуьнга йухадоьрзур долуш а ду вай. Ткъа Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-саршалла хуьлда цунна), вайна Ислам дин кхайкхо ваийтина ву.
Хууш ма-хиллара, вайн къоман г1иллакхаш бусалба динца дог1уш ду. Ткъа царах уггаре коьртаниг – иза, да-нана ларар, церан сий дар, уьш дукхабезар, цаьрна 1уналла дар иштта д1а кхин а. Доьзалан корта да белахь а, тахана ненах лаьцна йаздан лаьа. Доьзалх жоп далар, иза кхабар, кхиор, меца ца битар – иза дерриге шен декхарийлахь долуш санна къахьоьгу наноша. К1антах къоман пайдане во1 кхиор а, йо1ах махкана къонахий кхион, хила ма-йеззара зуда йан г1ерташ, шен дерриге дахар церан дуьхьа д1ало нанас. Хийла олуш хезна вайна, ненан хьекъале хьаьжжина хуьлу доьзалан хьекъал а олий. Цундела, мел йаккхий халонаш т1е1иттайаларах, шен синан иэшам а беш, доьзал кхетош-кхиорехь къахьоьгуш, нийсачу новкъа боккхуш, баккхийчеран дахаре кечбеш, хьаста безачохь хьостуш, ткъа царах вуон дериг даьлча човхош, гуттаренна шен т1ома к1ел ийзош лелабо нанас. Жимчохь дуьйна, беранна шен нана дерриге дуьненна меттана хуьлу, х1унда аьлча, цуьнца йу йерриге а марзо. Шина берана йукъахь цакхетам йа хьаг1-гамо хилчи, нана йу, царах цхьанна а халахетар а доцуш, машар бийриг, х1оранна а нийса накъост а хилла, церан йукъаметтиг хила ма-1езза нис йириг. Берийн беша, ишколе, йа кхин долу г1уллакхе доьзалхо араваьлчи, иза маца ц1а кхочу-те ойла йеш, керта бог1у некъ ларбо нанас. Ма-дарра аьлча, ма боккха бу-кх ненан доьзалхочуьнга болу безам. Цо мел олу керла дош, боккху ког, самукъа долий, дуьненан дерриге диканаш шен цхьанна хилча санна, т1елоцу цо. Ойла йича, ма чеккхе йоцуш бу-кха цуьнан безам а, къинхетам а. Иза вайна гучудолу, муьлхха а хазахетар йа халахетар хилча, доьзалхо ненаца дагаваларца. Цуьнан мерза дош тоьу дог айдан. Муьлхха а чов а йерзайо, лазар а дайдо цуьнан ховхаччу куьго. Ма-дарра аьлча, цул мерза а, хаза а х1ума дац-кха. Дела реза хуьлда массо а нанна. Аьтту баьлччара, сайн нана – Тамара а декъал йан лаьа суна. Дала тхуна латтайойла хьо. 
Чеккхенехь ала лаьа, тхан хьоме наной, дуьненахь а, эхартахь декъалла хуьлийла шу. Дуьненахь йоккхуш йолу хан, шайн доьзалан вон а ца гуш, ирсе, беркате йойла шун. Дала йалсаманин ох1ланах дойла шу. Амин!

 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля