Ма дахийша тхо Даймахках

«…Ма ирча яра оцу шийла деанчу дийнан Iуьйре. Дагах а, дегIах а, сих а чекхйолура Iаьнан шело. Дахар гуттаренна а хийцадала доьгIна хиллера оцу дийнахь дуьйна. Шина декъе декъаделлера иза – дIадохадале, хиллачуьнга а, дIадохийначул тIаьхьа хиллачуьнга а. Дагна мел дезнариг, сина товш мел дерг хIокху махкахь дара.Дера…БIаьргаш къевлинчара ца беллал эрчо ма яра, лергашна ца хазийттал белхар-Iийжарш ма дара, куьйгаш ца айъал бала ма бара, ког ца баккхал харцо ма яра, даге ца лабаллал лазам ма бара, юха ца хьажжал къизалла а…».

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля