Казахстане беха некъ

Фашистийн Германица дӀахьош бара буьрса тӀом. Мах-кахь мацалла а, хало а яра. ТӀеман цхьа-ши шо дӀадаьлча, фашистийн тӀелетарш совцийна, толамаш баха дуьйладелира советски эскарш. Оцу муьрехь, 1943-1944-чуй шерийн Ӏай, тхан хӀусаме веара, цхьана ханна садаӀа вогӀу аьлла, НКВД-н кхоъ гӀуллакххо.