Т1аьххьарчу шерашкахь ламаст хилла д1ах1уттуш ду 25 – чу апрелехь Нохчийн меттан Де даздар. Доккха маь1на долуш ду Нохчийн Республикан Президентан Указца апрель беттан 25 – г1а де Нохчийн меттан Де ду аьлла кхайкхор. Тахана вайна дика бахьана ду ненан маттах лаьцна дийца а, иза бийца а.
Цунна т1едоьг1на, ала деза, ненан мотт хьехар хьакъдолчу т1ег1анна т1е даккхар хьехархойн коьрта декхар хилар. Вай бийцаре а, 1алашбаре а хьаьжжина хир ду вайн меттан кхиар а. Ненан мотт бацахьара хир дацара вайна юкъахь долу г1иллакх, оьздангалла, хьаша – да ларар, хир бацара къоман турпалхой.
Халкъан дахарехь мехала хазна ю вайн мотт, цуьнца доьзна ду вайна деза мел хетарг а: беркате ламасташ, кхетам. Буьйцуш берг кхин мотт болуш, вуьззина нохчо хилалур вац. Кху чолхечу дахарехь къаьсттина жоьпаллин мур бу х1инца вайна хьалха лаьттарг. Вай тахана дешархой кхето беза Даймехкан историх, меттан хазаллех, халкъан 1адатех, г1иллакхех.Школехь кхоллабалийта беза вайн Даймахке, матте, 1аламе, халкъе болу безам.
Дукха хан ца оьшу тахана доьшуш долчу берашна кхана вайн метта х1итта. Ткъа царах вай тахана диннарг хир ду. Тахана вай кхиош берш дешархой хилла ца 1а, уьш – Даймехкан кхане ю, иза вайн маттаца йоьзна ю. Цундела вай дешархой кхио беза ойла ян нохчийн маттахь хууш. Нохчийн меттан Де даздеш дуй, суна хетарехь, массо а къаьмнашна хууш ду. Иза иштта ца хила йиш а яц, х1унда аьлча, ненан мотт къоман орам бу. Ткъа иза лар ца бан йиш яц, мотт байча халкъ довр ду.
Оцу к1орггера чулацам болчу мехалчу г1уллакхах нийса пайдаоьцуш, вайна массарна масал хилла схьавог1уш ву НР – н Президент Рамзан Кадыров. Цкъа а ца хиллачу аг1ор бакъо ю вайн тахана нохчийн мотт а, культура а кхио. Амма и бакъо вай схьаэца еза, вай цунах пайдаэца беза. Цул т1аьхьа бен кхочур дац вай сатуьйсучу 1алашоне.
Со тешна ю Нохчийн мотт кхиорехь, къоман г1иллакхаш лардарехь, вай массара а кхид1а къахьоьгуш, оцу новкъахь баккхий кхиамаш бохург хиларх. Вешан дай санна нохчий хилла диса дезаш ду вай. Вайн наноша уьншерийн оьмарера таханлерчу дийне кхаччалц кхиош хилла къонахий кхиоран раг1 вайна т1екхаьчна.
И къонахий кхио беза аганан илли нохчийн маттахь олуш, дуьххьарлера туьйра нанас шен аьхначу маттахь дуьйцуш. Аганара г1аьттича цу к1антана бакъболчу къонахийн собар, доьналла, хьуьнарш довзуьйтуш, царах дозалла дан, осалниг емалдан, г1ийлачун г1о лаца кечван веза шен во1. Иштта, вайн нанойн масалш т1ехь кхио беза мехкарий. Ненан ховхачу маттаца и дан таро а ю.
Нохчашна шайн историн йохаллехь дуккха а хала киртигаш т1еяьхкина. Царех уггар ирчачех цхьаъ яра – дерриге халкъ махках даккхар. Оцу къизачу 13 шарахь нохчийн халкъ халонашка, баланашка, лазамашка к1ел ца дитийтинарг – ненан мотт бара. Вовшашка яздеш долу кехат нохчийн маттахь бен яздеш дацара, цуьнца цхьаьна лардеш дара вайн дайша лелийна 1адаташ, г1иллакхаш.
Абдуллаев Лечас аьлла: «Нохчийн мотт а бицбина, кхин 1амо дезаш хилахь, цхьа а мотт ца хууш вуьсийла со…».
Вайн меттан, вайн г1иллакхан, оьздангаллин сий хьаладолуш, вай бакъонна т1ехь нислуш, вайн къоман барт, вайн республикехь а, пачхьалкхехь а дехаш долчу массо а къоман барт Дала ч1аг1бойла!
Марет Милиева, нохчийн меттан хьехархойн
куьйгалхо