Вер-витар

Оханийн белхаш хала хуьлура хьалха. Къаьсттана лаьмнашца йолчу меттигашкахь. Ялх, бapxӀ сту а бужий, йоккхачу гIовгIанца, къаьхьачу вонца, халла цхьа басарш дора. Буьйсанашца стерчий дажадора. ТIехь а Iаш. Нохчмахкахоша «гоьзатахь Iаш» олура цунах. Оцу гоьзатахь Iаш волу Сайда вийнера цхьана буса, хьан вийна а ца хууш. Хьуьна юккъерчу ирзу тIе стерчий а лаьхкина, дIатевжина хиллера и миска. Цигахь наб а кхетта Iуьллучу цунна коьртах диг тоьхнера, берриг хье схьа а тосуьйтуш. ТIаккха юьхь тIе шаьлта йиттинера, шина aгIop йохуш. Юьхьан амат дитина а дацара.Хьалххе гота йожа дагахь, са ма-тоссура вахначу дений, вешиний иштта ирча Iуьллуш карийнера Сайда.
Меллаша схьадаьккхина, шен чоа Сайдина тIе а тесна, вукху кIанте аьллера дас Себара:
– XӀapa сурт вайн нахана ган лаьа суна. Эвла а гIой, дIахаийта xӀapa. Маьждигера барам а бан.
Орца деанера эвлара, СебаргIарна генавоццуш вехаш волу къена-воккха стаг Болатмирза а юкъехь. Цо аьллера, Сайде а хьаьжна:
– Ма йоккха эрчалла ю xӀapa. XӀapa болх балла боьрша йолуш хIума а, хIоккхул къиза адам а хила йиш ма яц, ша и тхоьгара жIаьла дацахь. И, мацца а, адам а дац. ЖIаьла ду ша ма-дарра! Я сийсара а, я тахана а цIахула гуш а дац.
– Дера хаац, Болатмирза, хьенан жIаьла ду-м, – аьллера Себара, – вуьшта, жIаьла хилар гуш ду, хьеннан и делахь а. Цунна гечде ма ала соьга. И ца алийта, xӀapa сурт ма-дарра шуна гайта, дехна ас шу схьа, тамехь ца хетташехь.
– Эр дац! – наха а аьллера. – XӀapa санначунна гечде олуш а ца хуьлу.
Хила а хиллера Сайда вийнарг Болатмирзин «жIаьла» – Саьлмирза: юххерчу хьуьн чохь БолатмирзагIеран диг а карийнера цIийша а дуьзна, ткъа мича вахна ца хууш, Саьлмирза а вайнера. Цу тIе, Сайдега ян дагахь йолу йоI езаш Саьлмирза хилла хилар а хиънера Себарна. «Шена новкъараваккха вийна. Хьул ца луш Iен стогалла а ца хилла, ведда», – сацийнера Себара. Болатмирзех хабар а тоьхнера: хьоьца хIумма а дац шен, цIера а ма вала, къехка а ма къехка, амма Саьлмирза лохур а ву ша, вуьтур а вац ша, аьлла.
Ши-кхо шо а даьллера, Саьлмирзин лар а ца хаалуш. ТIаьххьара а хиънера: геннарчу цхьана юьртахь Iаш хиллера иза, шена кхин цIе а тиллина, ша схьаваьлла меттиг харц а йийцина. И дIасаволуш долу некъаш а хааделлера. Цкъа кIело йича, карахь цхьа а герз доцуш нисвеллера, эвла йистерчу варшахь. КIант а хиллера Себарца – Асхьаб, шен вешин эрчаяьккхина юьхь цкъа а бIаьргашна дуьхьалара дIа ца йолушверг. Амма Себара ца тохийтинера, герз а доцуш волу стаг вийча, наха бехк буьллур бу аьлла. Гучу а ца бовлуш, IадIийнера хIорш.
ШолгIа, кочахь топ а, юкъахь шаьлта а йолуш нисвеллера, амма цуьнца кхин цхьа стаг хиллера. Нехан стагана юххехь вер а ца тарделла, тIаккха а витинера.
Оццу варшахь кхозлагIа кIело йина xӀoрш болуш, вогIуш хиллера Саьлмирза, ша, юкъах шаьлта йолуш.
Шега тохийтахьара цунна топ аьлла, хьаьвзинера Асхьаб. Ткъа дас аьллера:
– Цуьнгахь топ яц. Тапча яц. Цуьнгахь ерриг тухур ю вай а.
Шен топ кIанте дIа а елла, Саьлмирзина дуьхьалвала кечвеллера Себар. Шех бIаьрг кхетча, и вухур вуйла хууш (цуьнан «стогалла» евзаш), жимма тIехъозавалийтинера. ТIаккха, цIокъберг санна, гӀapа-тата доцуш, кхоссавелла, пхьарс лаьцна, сацийнера, шегахьа схьа а верзош:
– Iайт, жIаьла, яI, жIаьла! ХIинца-х ма ду хьо сан карахь! – аьлла, хьалха дIахIоттийнера. Пхьарс дIа а хоьцуш. – ХIинца ас тоьдур ву хьо. Боьрша хетта а тоьдур вац, цу ахь диначу ирчаллина тоьдур ву. Адамах къахета адамалла-м хьоьгахь ян а яцара, берахь дуьйна а! Цицигашкахь, жIаьлешкахь, бежнашкахь ахь даллочу Iазапо а гойтуш дара иза-м. Вуьшта, эхь мукъане а хIунда ца хийтира хьуна, наб кхетта Iуьллучу адамна коьртах диг тоха? Цул тIаьхьа цуьнан юьхь тIе шаьлта еттар хIун дара хьан? Цкъа тоьхча а, уьттазза тоьхча а ца Iебаш! И хьайчул цIена хилар дара?.. Хьай, неIалт хила цу хьан боьхачу юьхь тIе! Боьрша йоцу хIума! Схьаяккха хьайн шаьлта! Ас тухуш ю хьуна хIинца!
ТIаккха, баттара яьккхина, шаьлта тоьхнера Себара Саьлмирзина аьрру белша тIе. Дукха чIогIа ца тоха дагахь тоьхнера, охьавоьжна валале дикка теда ойла йолуш. Амма чIогIа тоьхна хиллера: гIабакхах санна, чуяхана иза, аьтту агIорчу тIа тIе хIоьттинера. Саьлмирза охьавоьжнера.
ТIаккха варшара схьаваьлла Асхьаб хьаьвзинера, Саьлмирзан юьхь ата лиъна.
– Мегар дац! – аьллера Себара буьрса. – Охьавоьжначул тIаьхьа тоха мегаш дац стагана, дийна и хилча а. ЖIаьло жIаьла а дуьту, охьадоьжча. ОьгIазвахарх, йицъян мегар дац адамалла.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля