Жимчохь дуьйна, вайна дагадог1у, вахош волу малар мелла волу стаг гича, цуьнах гена довлуш, улле даха ца х1уттуш хуьлар-кх вай. Цкъа делахь – йог1у хьожа, йуха — дукхадо къамел, ткъа дуьйцург йух-йуха цхьаъ, оьзда боцу мотт. И дерриге цхьанатоьхча, г1еххьа (олуш дегаза хилахь) жирго йора вай царах.
Вахош волу малар молуш дукхахболчара олу: «Оха тхайн самукъанна молу иза»! Цера-м боккъала самукъадолуш хила а тарло, делахь, гергарчеран хьалла-м нийсса б1останехь хуьлу. Х1усамнана шен гергарчаьрна хьалха иэхь хеташ лела, царна х1усамда иштта хьолехь гарна кхоьруш. Доьзалш шайн нийсархойх къехкалуш хуьлу, дас д1акхоьхьучу некъах ийзалуш. Цул совнаха, шен ох1лунна кхачо йан йезаш долу даьхни, хам ца беш, сий-пусар доцуш, х1аллакдо и вуон болх д1ахьош волчо. Ларамза дац иза дино хьарам дар а. Х1унда аьлча, дуьххьара ша шена зие до и молуш волчо: могашалла х1аллакйо; иэс-хьекъал талхо; г1иллакхах вохаво; иэхь-бехк д1адоккху; ахча пуч до; иштта д1а кхин а. Малар вайна магош цахилар йух-йуха а карладоккхуш дуьйцуш хозу вайна маьждигашкахь а, тайп-тайпана гуламашкахь бечу хьехамашкахь а. Молланаша билгалдоккху вахош волу малар Къуръан чохь хьарам дина хилар. Цуьнан бахьана – иза стаг вахийна, хьекъалх вохор ду. Ткъа ишттачу хьоле ваьллачо дан тарло х1уъу а. Цо ца йо т1аьхьалонна ойла. Дерриге дуьне шен цхьанна керахь ду моьттуш, шена дагадеанарг деш, бага деанарг дуьйцуш хуьлу. Цкъа делахь, Далла хьалха шена къа латадо цо, йуха, нахана хьалха мах бов цуьнан.
Бакъдерг аьлча, т1аьхьарчу шерашкахь, хьалха санна, дукха ца го урамехула болабелла лелаш маларах бехха нах. Амма, суна схьахетарехь, хьарам некъ д1ахьош берш к1еззиг хилла бац. Кху заманахь нах, дукха хьолахь, машенашкахь лелаш бу. Цундела ца го вайна уьш арахула техкаш болабелла бог1уш, мет-меттахь набарш а кхетта бийшина 1уьллуш. Нагахь санна, цхьамма алахь : « Хьалха санна, молурш х1инца бац вайн», – сан цхьа хаттар кхоллало: «Ткъа хьанна духкуш ду и тайп-тайпана ц1араш йолу маларш?». И туьканаш массарна а дика йевзаш ма йу. Х1ора буьйсанна раг1 хоьттина лаьтташ ма йу церан не1арш.
Ойла йича, ма чолхе хьал ду иза. Дуьххьара, бусулбанийн дино хьарам дина, уггаре даккхийчу къиношех къа ду иза. Дац деккъа цхьанна меллачунна-м. Иза деш волчунна т1ера д1адоладелла, дохьуш, духкуш, оьцуш, доцца аьлча, массо а цуьнца бала мел кхочучунна а хуьлуш ду-кх. Ткъа и доцург, мелла стаг оьздангаллех вухуш хиларе терра, вайн г1иллакхашца а дог1уш дац иза. Бакъду, наггахь вериг-м дукха гала ца волуш лаьтта. Делахь, дукхах болчеран хьал тиша а хуьлу.
Товш дуй-те вайна йукъахь иштта кхачамбацар хилар? Х1ун дан деза и чолхе хьал д1адаккха? Шуна х1ун олий хета, хьоме газетадешархой?