Сан бераллера муьста-мерза чам…

Керла шо тIедогIуш, хIора а адамо дикачуьнга сатуьйсу, шайн дахаре хазачу кхоаца керланиг дан лууш. Баккхийчийн а, кегийчийн а са туьйш, цара сатуьйсуш буьйса ю, дIадоьдучу а, тIедогIучу а шерашна юккъехь сахьтан цхьамзанаш цхьана мIаьргонехь шийттанна тIехь а севцна, Керла шо дIадолало буьйса. Воккхачуьн а, жимачуьн а хазахетар, ойланаш тайп-тайпана хуьлу оцу мIаьргонехь. Воккхачунна жимачуьн ойланаш а евза, хIунда аьлча дикка зама хьалха иза а ма хилла жима, къона, гIеметтахIоьттина, ткъа хIинца – воккха, къена.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля