Керлачу шеран цӀехо-можа стом

Харц хир дац, нагахь Керла шо даздар бераллехь суна уггар дукхадезаш хилла де дара аьлча. Иза тIекхочуш суна а, сан йижаршна а, вежаршна а луш хиллачу мерзачу совгIатийн хьожано тахана а ойланца вуьгу со цу, дIоггара токхе ца хиллехь а, ирсечу замане.
Iаьржа а, кIайн а шоколадаш, юкъахь хьечийн а, Iежийн а, кхечу а тайп-тайпанчу стоьмийн повидал йолу кемпеташ, мел яхарх хьожа кIордор йоцу печенеш, пиряндагаш, цу марзаллашна юкъахь цIен а, дашон а басаршца богу Iаж…