Хууш ма-хиллара, вайна тIе беана гIурбан бутт. Кху беттан чохь бу бусалбанаша кхочуш бан безачу богIамех цхьаъ – хьадж дехкар. Иштта, Iелам наха билгала ма-даккхара, вайна хууш ду, хьалхара деношкахь марха кхабар а, аьтту болчо гIурбана урс хьакхар а деза дуй.
ХIокху беттан дозаллех лаьцна дийцира Хасавюртан кIоштан Новосельское юьртарчу имама Бацаров Iелас.
-Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллохIи ва баракатухIу. Делера салам-маршалла ду шуьга, хьоме бусуба вежарий, йижарий.
Дуьххьара, сайн къамел дIадолош, суна довзийта луур дара, «зуль-хьиджа» беттан чохь берриге а дикачу Iамалехь са бовлар дика хилар. ХIунда аьлча, цу хьокъехь даьхкина иштта хьадисаш ду:
-«Кху беттан хьалхара итт дийнахь шена т1ера г1урбанна хьайбанна урс хьакха луучунна суннат ду шен дегIа тIера цхьаъа а мас, йа мIара а ца хадор».
«ГIурбан беттан хьалхара итт дийнахь йина йолу дика Iамал санна АллахIана дукха езаш кхин Iамал яц». Асхьабаша хаьттина: «ХIай Делан элча! АллахIан некъахь гIазот дар а дац?». ТIаккха Пайхамара жоп делла: «АллахIан некъахь гIазот дар а дац, цхьаъ доцург: шен дегIаца а, шен даьхнийца а гIазоте ара а ваьлла, тIаккха оцу хIуманех цхьа а хIума цIа ца ерзийнарг воцург».
«Шена Iибадат деш долчу денойн юкъахь АллахIана хIара итт де санна дукха дезаш кхин цхьа а де дац».
Кху хьадисашна тIе а тевжина, вайна билгала даккхало, кху беттан хьалхарчу деношкахь уггаре а коьрта Iамалаш – ламазаш дар а, марханаш кхабар а хилар. Амма кхузахь тIе тоха лаьа, нагахь санна, дIа баханчу мархийн баттахь дисина перз марха далахь (цхьаъ йа мосийтта), уьш доькхуш кхабар дика ду кху хенан чохь.
ИссолгIа де Iарафатан де хуьлу. Хьадж доьхкуш берш оцу дийнахь «Iарафат» олучу лома тIехь хуьлу малх чубуззалц йолчу ханна. Иза ду цу дийнах Iарафатан де аларан бахьана а. Цигахь марха кхабар дика дац хьадж доьхкучара, хIунда аьлча Пайхамара (С.I.С.) ца кхаьбна цу дийнахь марха. Цул совнаха, Iарафатехь верг дуккха а доIанаш дан дезаш ву, ткъа цунна дегIехь ницкъ оьшу. Амма хьадж доьхкуш воцучунна, ша цIахь волуш, могуш-маьрша а волуш велахь марха кхабар деза ду, хIунда аьлча и цхьаъ марха кхаьбначунна Дала гечдо дIа даханачу шарахь летийначу къиношна а, тIе догIуча шарахь летор долучу къиношна а. ТIе тоха лаьа, Iарафат дийнахь доькхуш перз марха кхаба ца мега.
Иштта, кху беттан хьалхарчу итт дийнахь дуккха а Дела хьехавар дика ду.
ИтталгIа де вайн деза де ду. ГIурбан Iийд олу цуьнах. Цу дийнахь марха кхабар хьарам дина. ГIурбанна хьайба дерах лаьцна хьахо лаьа суна.
Шен могашаллица а, даьхница а ницкъ кхочуш велахь, гIурба дер деза ду, хIунда аьлча иза Iибадат ду. Урс хьакха мега шен тароне хьаьжжина Iийд-дийнахь ламаз дичахьана дуьйна, цул тIаьхьадогIучу кхаа дийнан тIаьххьарчу дийнахь малх чубуззалц йолу ханна эмкална, бежанна, уьстагIна (гезаршна). Ткъа и ша хьакхар дика а деза ду. Нагахь санна, шега и хьакха ца лахь, хьокхучу хенахь уллохь хила хьажа веза. Хьайба дийначулла тIаьхьа, шена кIеззига дакъа а дитина, дукхах дерг сагIийна дIадалар дика ду. Билгала даккха лаьа, оцу хьайбанан цхьа а дакъа ахчанах дохка мегар дац.
Дерриге дийца воьлча, дийцина ца валлала дукха ду, делахь, вайна хаа дезачух коьртаниг аса довзийтина аьлла, тешна ву со. ТIаьххьара тIе тоха лаьа суна, вай дерриге а вовшашна къинтIера девлла хила деза. Даг чохь хьагI-гамо а йолуш, вай ечу йамалех пайда а хир буй те? Цундела, дехар ду сан массо а бусулба вежаршка а, йижаршка а вовшашца гергарлонаш ма хедохьара аша. Юкъаметтиг та еш, уьйраш хуьттуш, вовшашна тIекхочуш, оьшучунна гIо-накъосталла деш, могуш воцучунна зерате гIуш хила деза вай.
Дала декъала дойла вай дерриге а. Кху беттан чохь Дала Ша реза волччу кепара Iамал ян ницкъ а, ийман а лойла вайна массарна а.
Дела реза хуьлда хьуна Iела. Дала кхочуш дойла вайн массеран дагахь долу дика мел дериг. Дала декъала дойла вай дерриге кху гIурбан деза денца.