Тайп-тайпанчу динехь болчу нехан вовшех кхетар а, барт а, цхьаьнаболхбар а ч1аг1дарна т1ехьажийна Дагестанехь д1ахьош ду Дуьненайукъара динийн йукъарчу йукъаметтигийн к1ира.
Хасавюрт г1алин динан векалшца дешархойн цхьаьнакхетар хилира МКОУ-н №8 йолчу йуккъерчу ишколехь.
Динан дайша т1екхача аьтто болчу кепехь дийцира дешархошка бусалба динан оьздангаллин барамех лаьцна, хьехархочуьнга, деца-ненаца, баккхийчу нахаца хила йезачу йукъаметтигех лаьцна, хааршца, дешарца, дикачу амалца, уггаре а дика дог-ойла гайта йеза деца-ненаца, хьехархошца, баккхийчеран а, вовшийн а лерам бар.
Иштта дийцира 1илма карадерзоран мехаллех а, 1илмане г1ерта дезарх а лаьцна.
«1илма х1ора стеган дахарехь коьрта меттиг д1алоцуш ду, иза доцуш стаг боданехь санна хетало. Бусалба дино хьехам бо 1илма карадерзоре, дешаре. Хаарша аьтто бо стеган дахаран синтеме хьелаш хилийта, корматаллин г1уллакхехь хилла ца 1аш, денна долчу дахарехь а гӀо до.
Муртазаалиев Камила бусалба дин машаран дин хилар ч1аг1дира, даим а дай-наношка а, хьехархошка а, 1илма луш болчаьрца а ларам болуш хиларе кхойкхуш.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ