А. Абдулмуслимовн дIахьедар

Дагестанан Премьер-министра д1ахьедар дира меттигерачу 1едалан белхалошка, урамашкара нехаш д1айахьаран белхаш жигара даха аьлла.

Кху деношкахьХ1енж-г1алахь д1айаьхьначу оперативни штабехь Правительствон Председател волчу Абдулмуслимов Абдулмуслима т1едиллира профильни структурашна нехаш д1акхехьаран белхаш жигара даха аьлла.
Кхузахь дийцаре дина хаттаршех, нехаш д1айахьар а, цуьнах бахархошка ахча эцар а коьртаниг дара. Дагестанан куьйгалхочун а, Правительствон а администрацин куьйгалхо волучу Гасанов Андрейс довзийтира оцу аг1орахула бахархойн косташ дукха хуьлуш лаьтташ ду аьлла. Цул т1аьхьа А. Абдулмуслимовс муниципалитетийн куьйгалхошна т1едиллира оцу г1уллакхна т1е тидам бахийтар, къаьсттина х1утосург беттан йуьххьехь долу даздаран денош т1екхачале урамашкахь шарам бар. Кхуззахь Премьер-министра билгалдира Минприродас шен декхарш кхоччуш барамехь кхочушдеш цахилар.
Баьхкинчаьрга ладоьг1ча, А. Абдулмуслимовс йуха а цхьанакхетаран г1уллакх дийцаре дира. Амма цигахь дакъалоцуш хила беза йерриге а муниципалитетийн куьйгалхой а, профильни ведомствин векалаш а. Цигахь дийцаре дийр ду йог1учу ханна оцу г1уллакхна лерина программа д1ах1оттор.
Цхьанакхетаран чаккхенехь Премьер-министра элира – нехаш д1айахьаран г1уллакхна лерина инфраструктура хила ма-йезза йац вайн махкахь аьлла. Цо аьллачунна т1етевжина ала дог1у, лакхахь хьахийна кхачамбацар бахьана долуш, региональни оператор нислуш вац вайна. «Х1ара г1уллакх хила ма-дезза д1анисдаллалца, сих-сиха кху г1уллакхан тидам беш, оьшучунна семо йина 1а дезаш ду вай,» – элира Абдулмуслимов Абдулмуслима.

БАЙМУРАДОВ Мовсар