Декъалдар

 

Меттигерачу 1едалан белхалойн денна лерина декъалдаран кост дира Меликов Сергейс.
«Лараме меттигера 1едалан белхалой!
Оханан беттан 21-чохь билгалдоккхуш ду шуна лерина даздаран де. Цуьнца доьзна, тхан таро йу шуна довха дешнаш ала. Президента Путин Владимира ма-аллара, аша хьогуш долучунга хьаьжжина олу бахархоша дерриге а 1едална дика а, вуон а. Аша деш дуккха а белхаш ду: некъаш дахкар, ЖКХ аг1орахула нехан хьашташ кхочушдар иштта д1а кхин а. Т1аккха бахархойн таро хуьлу баха-бахка, са да1а, токах а, иштта кхин йолу коммуникацешех а пайда эца а. Амма, цкъа и г1уллакх динера аьлла парг1ата а девлла 1а мегар дац. Х1унда аьлча, х1ора дог1у де – иза керла дан деза г1уллакхаш ду.
Къаьсттина баркалла ду шуна СВО-хь дакъалоцуш болчарна а, церан доьзалшна а терго йарна. Цигахь вай боккхур болучу толамна йукъара цхьа дакъа ду аша и белхаш дар!
Со тешна ву, шун корматалла а, бахархошка шун болу лерам а, муьлхха а т1ех1оьттина хьоле хьаьжжина аша нийса некъ лахар а – и-а ду шу белхийн жам1.
Аса даггара декъалдо шу кху денца. Кхиамаш а, балха т1ехь аьтто а хуьлийла шун!
Дагестан Республикин Куьйгалхо МЕЛИКОВ Сергей