Дагестанан Правительствехь Чрезвычайни (каделлин) штабо экономи лакхаяккхаран кхеташо хилира

Чиллин беттан 5-чу дийнахь и кхеташо дIайаьхьира РД-н Правительстван Председателан заместитал волчу Джафаров Рамазана.

 

Декъахоша дийцаре дира бахархойн кхайкхамашна меттигерчу а, региональни а Iедало бинчу белхан жамIаш деш.
Иштта, хина кхачойаран а, хи дIасадигаран а, Махачкалан йовхолатторан а системаш цхьаьнатохаран болх «Хина тоам барехьа ДР-н Единый оператор» АО-н базин балхах а.
Джафаров Рамазана кхеташо дIайолийра декъашхойн цIарах, 2007 чу шарахь Дагестанехь, террористишца тIом беш, кхелхинчу, Россин Турпалхочун, капитан Дмитрий Серковн нана, Меликов Сергейн хIусамнана Меликова Галина Анатольевна кхалхарна кадам барца.
Дийнан повестка дIадолош, Джафаров Рамазана билгалдаьккхира – бахархойн кхайкхамашца беш болу болх лакхбоккхуш, дIахьош хилар чIагIдарца.
«Дукхах болу и хаамаш, халхеташ делахь а, дахара-коммунальни бахаман лерина хуьлу. Карарчу хенахь цу тайпана аьрзнаш даран юкъара хан яцлуш, шен хеннахь хуьлу бохамаш дIабаха орца кхочуш хиларна.
Цундела, аша — Iедалан, гIалин, кIоштийн куьйгалхоша тидам бан беза шаьш а, ЖКХ-с а бечу белхийн бахархошка информации шен хеннахь йовзуьйтуш хила езаш хиларна». – тIечIагIдира Джафаровс заседанин болх дIаболош.
ДIадаханчу кIиранах соц.сетешкахь 4 эзар гергга дагестанхойн кхайкхам бу.
Оцу агIор бечу балхах доклад йира ДР — н регионан урхаллин Центран куьйгалхочо Мусаев Ислама.
Регионан ЦУР – ан хаамашца дIадаханчу кIиранах республикин Iедало 2 – эзар сов бахархойн соц.сетера кхайкхам а, 1852 организацешкахула болу кхайкхам а таьллина.
ДIадаханчу кIиранах 29 январера 4 – чу феврале ЦУР – н «Инцидент – Менеджмент» системехь 3962 кхайкхам бу. Уьш цул хьалхарчу жамIан хенахь хиллачул 571 лакхаяьлла…
Оцу нехан аьрзнашкахь далхориг, сацам боцуш хи, ток ца латторах бу. Иштта некъин хьал, урамашкахь серло латтор, светофорийн кхачамбацарш ду, берийн майданаш, юкъараллин меттигаш тоярх, ц1ена кхабарх, да воцуш долу хьайбанаш, иштта д1.кх.
Шен докладехь Мусаев Ислама иштта хьахийра Махачкалахь, цунна гонахара поселкашкахь лакхахь бахархоша дечу аьрзнийн дукхах дерг 1едалан белхахоша цхьаболчара доггаха кхочуш деш хилар…
ДР-н ЖКХ-н архитектуран, г1ишлошъяран ханна министран г1уллакхаш кхочушдеш волчу Уллаев Бахтияра дийцира Единый операторо тахана бечу балхах а.
Заседанехь бинчу белхан жам1 деш, вице-премьера РД-н Правительствон декъашхошка дехар дира: дан дезачу г1уллакхашна т1ехь кхин д1а а лаккхара тидам латтор, республика кхиаран хьелаш жигара дахар, ткъа муниципальни к1оштийн куьйгалхошна т1едиллира чолхе даьлла хьолаш сихха, д1анисдаран болх вовшахтохарца, д1адахар.
ЗАЙНУЛАБИДОВ Халид