Лулахой бертахь бахар

Вайн динахь лулахо кхаа кепару ву аьлла билгаваьккхина: ц1ийнах а волуш гергара верг, бусулба а волуш, амма ц1ийнах воцу лулахо, бусулба воцург. Церах х1оранна а ша-тайпа хьакъ ду д1адала дезаш.

 

Вайн 1адаташца дог1уш, милла велахь а, уллохь вехаш верг – иза лулахо ву.
Лакхахь ма аллара, уьш тайп-тайпана хуьлу. Амма, лаххара барам бен ца бийцахь а, цаьрца массаьрца дика хила веза, масала: могаш-парг1ат хаттар, оьшучохь накъостала дар, дика йа вуон керта деанехь массо а г1уллакхана д1ах1оьттина хилар, иштта д1а кхин а.
Хийла баккхийчара олуш-дуьйцуш хеза, хьалха заманчохь лулахочун сий дар, лерам бар, муьлхачу т1ег1анехь хилла. Бакъду, цаьрга ладоьг1ча-м вайгахь долу хьал ледаро хета. Даккхий къамелаш-м до вай. Делахь, долуш долу сурт чолхе хьоле дирзина. Вахарца-варца а, иштта гергарчеран-бевзачеран дика-вуонашкахь а ч1ог1а ирча суьрташ гуш меттигаш бу суна. Аса ца боху, сой уггар а дика ву. Амма, тхан йуртахь санна вовшашка лерамца хьожуш ца хета суна вайнах бехачу кхечу меттигашкахь (аса буьйцурш къаьсттина Дагестан республикера нохчи бу). Аьлла хета, оцу г1уллакх т1ехь луларчу къаьмнийн 1адаташ вай схьаоьцуш хила тарло аьлла. Нагахь санна иза иштта делахь, вуно доккха г1алат ду иза вайн вежарша-йижарша шайх долуьйтуш дерг. Маггане а мегар дац дайшкара схьадеана долу хаза г1иллакх, кхин мехе ца хеташ, хаддина вайна йукъара д1адаккха. Цул совнаха, вайн бусулба динца а дог1уш а ду лулахочуьнца г1иллакхе хилар. Х1ара, дуьсурдолу дуьне хьалха а даьккхина, цхьацца бахамашна а, аьттонашна а чухьаьдина, лулахочуьлла т1ехъэккха г1ертах, гIишло лакха йуттуш, цунна дуьненан са ган а, керлачу хIаваана тIекхочийла йайъа мегар дац.
Лулахь 1аш-вехаш верг цомгаш велахь, цунна оьшучунна хьожуш а, сих-сиха керта х1уттуш а хила веза. Лулахь тезет даьллехь цуьнан бехкамаш ларбан беза, тезет кхобушболчаьрна йаах1ума а латтош, ламазан таро йеш.
Нагахь санна лулахочух вон болх йа кхин долу зиэ-зулам даьллехь, собаре хила веза, иза кхето а веза, нийсачу некъа ваккха 1алашо йолуш, цунна хьехам бан а беза. Маггане а мегар дац цуьнах даьлла вон дериг нахалахь дийца, х1унда аьлча, йисинчу ханна цуьнца цхьана, дика-вуон а луьстуш, ваха везаш хуьлу.
Вайн 1еламнахе ладоьг1ча-м, дийцина ца-валлала лекхара ду лулахочун хьакъ. Йа иза ма-дарра кху газетан аг1онаш т1ехь д1айаздан а, шуна довзийта а, суна говзалла а тоьар йац.

БАЙМУРАДОВ Мовсар