Warning: Undefined variable $cmsmasters_heading in /www/wp-content/themes/etnoholding/theme-framework/theme-style/function/template-functions.php on line 12

Warning: Undefined variable $cmsmasters_heading in /www/wp-content/themes/etnoholding/theme-framework/theme-style/function/template-functions-post.php on line 11

Deprecated: Creation of dynamic property nxs_wpAddnEngine::$k is deprecated in /www/wp-content/plugins/nxs-snap-pro-upgrade/nxs-snap-pro-upgrade.php on line 11
Цигаьрка - цамгар - Нийсо-Дагестан

Цигаьрка — цамгар

Хууш ма-хиллара, Дала вайна хьарам диначарах цхьаъ – иза цигаьрка озар ду. Х1унда аьлча, 1еламнаха шайн хьехамашкахь билгала ма-дарра, корта бахош долу д1овш ду иза. Цул совнаха, дег1аца а, коьртаца а, къа а хьоьгуш, даьккхина долу ахча цуьнах дохкар – иза даьхни пучдар ду.

Тахана дуьненан йевзаш йолу медицинехь а магош дац папарза оза. Дуккха а цамгарш билгалйоху лоьраша цуьнца йоьзна – онкологи, туберкулез, деган а, иштта дег1ан кхин йолу меженийн а цамгарш а, цаьрга терра кхин йерш а. Дуьненйукъара могушаллин организацис а цигаьрка йитаре кхойкху бахархой. Амма, схьагуш дерг, йухкуш а, оьцуш а бу нах.
Х1инццалца схьа вайна гайна йолу, шен чохь тонка долуш йоцург а, х1инца йукъайаьлла вейп олуш йериг а. Цхьаболчаьара электронни а олу цуьнах. Х1ун башхало йу те церан? Ма-дарра аьлча, иза а, вужа а, уьш йерриге могушаллина иэшам беш йу. Х1унда аьлча, царна чохь дериг д1овш ду. Цигаьрка цамгар йу, цунна дарба а каро деза. Ткъа дуьххьарлераниг – иза цигаьрка йитар. Амма иза йагош волчо йита ца ло олу. Уггар хьалха, иза Дала хьарам йина хилар дагадаита деза, т1аккха нислур ду дерриге. Атта доций-м хаьа. Делахь, шен могашаллин ойла йича тоьар ду олий хета суна. Цул совнаха, иза узуш волчо шен уллехь болчаьрна а бо бохам. Х1унда аьлча, цо аратухуш болу к1ура бу вукхара содо1уш чу узуш бериг. Ша шен дег1ана зиэ дина а ца 1аш, шен йуххехь болчарна а зуламхо хуьлу цуьнах. Иштта, цо и узуш гича, иза гуш волчунна а марзйала тарло. Нагахь санна иштта долу сурт жимачу берашна гахь х1ун хила мега? Нийса ду, цара а схьалаца мега и вуон некъ. Иштта долу г1уллакх маггане а мегар дац.
Х1ора денна, ша шен дег1ана а, ойлана а т1ехь болх бийчахьана, тарлур долу х1ума ду. Къаьсттина, иштта бала шегахь болучаьрна улле а ца х1уттуш, дин 1амош болучаьрца хила веза. Шен дог маьждигах д1ахотта деза. Таро ма-ййу джама1атехь ламаз деш, къуръан доьшуш, баккхийчу нахаца йукъаметтиг лелош, шен ойла галайаларах ларлуш хила веза. Уьш ду оцу цамгарца къийсарехь коьрта герз. Хьамма х1уъу аларах а, и бала шегахь болчо ша шена т1ехь болх ца бахь, лоьрийн йа моллийн дарба пайда болуш хирдац.
Суна схьахетарехь, вайх муьлхха а цигаьркана, йа и санна кхечу вочу белхана марзвалар – иза доьзал кхетош-кхиорехь а, бусулба динехь а нийса 1амош цахилар ду. Да-нана хила деза шен доьзалхочунна сахьийзош. Цара и г1уллакх тесна дитахь, церан доьзал шайна ма-луъу галабаккха кечделла 1аш ду иблисан эскар. Ишттачух Дала 1алаш дойла вай.
БАЙМУРАДОВ Мовсар. Авторан сурт

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля