Нохчийн маттахь диктант

Аганан мотт

Мотт боцуш адам ца хуьлу. Къам доцуш мотт ца хуьлу. Мотт д1абаьлча, къам д1адолу. Дерриг латта ц1е йолу вайн дуьне теллича, кхин цхьанхьа а карор дац нохчийн ц1е йолу къам – шен маттаца, шен махкаца, ц1ий хуьйдинчу лаьттаца, маьждигийн момсаршца, шал шийлачу шовданашца, баккхичийн до1анашца, кегийчийн ловзаршца… Цундела ца лаьа вай лаьттара д1адан, доха, даржа, доь дан, хилларг х1ун ду а ца хууш!
Шен ага техкийначу ненан мотт даггара безаш, лоруш, цуьнан сий деш, иза шен синкхачам хеташ волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь хуьлийла дац. Цундела иза ц1ена хууш, к1орггера 1амийна, 1амо лууш волчун даиманна сий дан деза.

Къам

Вай кхоьллинчу х1ора стага вукхунах къаьсташ, тера воцуш кхоьллина. Доьзалехь а тайп-тайпана ду вай, цхьатера доцуш. Цхьа бен-башхо йоцуш цхьатерниш ца хуьлу. Иштта х1ора къоман а ю и шатайпа билгалонаш: шаьш беха мохк, дин, ламасташ, 1адаташ, мотт, культура. Муьлххачу а къомо, даха диса луучо лардеш а ду и адамех къам деш долу х1уманаш. Ша динчу т1ехь адам, къам латтар Далла дезначех ду, х1унда аьлча, цуьнан пхиэлана. Цо динчунна резахилар ду иза. Цундела деза ду шен мотт ларбар а, безар а, бийцар а. И ларбе бохуш, ден г1иллакхаш, дедайн ламасташ т1ехь нисло бохуш схьавог1уш ву вайн паччахь Кадыров Рамзан. Цуо ч1аг1 ма до х1оразза а: «Къам – къам хиларн коьрта билгало ю цуьнан мотт», аьлла.
Шен ага техкийначу ненан мотт даггара безаш, лоруш, цуьнан сий деш, иза шеен синкхачам хеташ волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь хуьлийла дац. Цундела иза ц1ена хууш, к1орггера 1амийна, 1амо лууш волчун даиманна сий дан деза.

«Баймарзин доттаг1»

Нохчий ц1ера баьхна д1аелира дуккха а хан. Синкъерамаш беш, ялх шо д1адаьлча, Баймарзаг1ар шайн долахь даьхний долуш д1ах1иттира. Баймарзаг1еран шайн бара б1е ца кхоччуш уьстаг1. Кертахь говр-ворда а, ткъа иштта кхин болу бахам 1аь1нера церан. Жимах волу к1ант Лом-1ела андваьлла воккха хиллера. Ткъа ша Жовзан а хазъелла, стамъелла д1ах1оьттинера. Баймарза говр-ворда а цоьжна, дохнакертахь уьстаг1ашна хьалха х1ума кхуссуш воллуш, гена доцуш тоьпаш юьйлуш хезира. «Х1ара мила ву-те 1уьйранна талла араваьлларг» бохуш, ойланаш еш, Баймарза докъар тесна араволлушехь, ц1еххьана дойшна т1ехь бог1учу таллархойх б1аьрг кхийтира цуьнан. К1адъелла, ц1ийх юьзна борз еана г1отана чу иккхина, Баймарзина иттех г1улч генахь д1ах1оьттира. Ткъа т1екхача герга бахна бог1уш дойшна т1ехь берш бара.
Оьрсаша чаг1алкхах «шакал» олу. Барзах тера ю иза , цул дег1ана жима хилар бен башхо йоцуш. Олхазарша , дехкий , моьлкъарчий , кхин йолу садолу х1уманаш йоу чаг1алкхаша. Таллархо тосавелча ларво чаг1алкх , т1аьхьара д1а а ца йолуш , ша тоса а ца йолуьйтуш. Таллархочо акха котам , бад , лекъ я тайпа х1ума топ а тоьхна йийча , иза т1екхачале лачкъайо чаг1алкхо. Яах1ума чохь йолу т1оьрмиг таллархочо охьабиллина битча , чаг1алкхо д1ахьо. Уг1ар тамашена ду чаг1алкхан, цкъа ж1аьлех уг1у иза, т1аккха бер доьлхуш санна ека. (Х.а.Берсанов)

«Партала ча»

Байна етт схьалаха вахна, веха лийлира Дуда. Цхьа 1ин хадийча вукху 1инах чу а вуссуш, боккха арц толлуш лелара иза. Г1ел а вела, сада1а цхьана юьхка т1е хиъна ша 1ачу хенахь ча гира цунна. Г1еххьа генахь яра иза Дудина. Юьхк санна стомма, партал яра иза. Техкаш, кест-кеста соьцуш, халла болар дора цо. Цкъацкъа ехха йоллура иза м1арашца латта охкуш, леррина цхьа х1ума лоьхуш. «Шена даа напг1а лахар бен, кхин цхьана а х1уманан бала бац-кх цунна» — аьлла хетара и гуш волчу Даудана. Дагахь а доцуш, ц1еххьана хийцаделира оцу экханан хат1. Муц1ар д1а а яхйина, хьожа йохура цо, корта д1а а, схьа а хьийзош. Т1аккха т1аьахьарчу когаш т1е ира а х1оьттина, шена шеко йолу хьожа муьлхачу аг1ор схьаеттало, кхерам туьйсу меттиг мичахь ю хиинчул т1аьхьа, ц1еххьана д1аиккхира иза. Ядар партал делахь а, кхиссалуш, чехка йоьдура иза. Ядар беламе дара цуьнан, карчийна чухаьхкина гуьйриг санна, пурх а йирзина йоьдура ча 1инах чу хьаьдда…
Дуда цунна гуш вацара. Делахь а, х1ара волчу аг1орхьара бай хьоькхучу мохан х1онах кхийтира цунна адаман хьожа. Иштта ларлора ча таллархочух.

«Зайнди»

Бисолта, денна шен мангала а воьдуш, Зайнди лаха д1асхьа т1аьхьа ца волуш, 1ад1ара. Цунна хаьара, иза Дадалг1еран ц1ахь, шен доттаг1 1алболат волчохь, 1аш вуйла. Зайнди 1алботатца Михайловске деша барт бина вуйла-м ца хаьара Бисолтина.
Кхана д1аваха веза аьлла Зайндий, 1алболаттий кечвелла 1ачу дийнахь еана копира- цина товар дохьуш Соьлжа – Г1алит1ера грузовик кхечира. Цу т1ехь и шиъ Соьлжа – Г1алит1е а веана, цигара машинаца Михайловске вахара.
Бутт белира. Кхо бутт а белира. Зайндий, 1алболат Михайловскехь ч1ог1а доьшуш вара. Бисолтг1арна хиънера, Зайнди 1алболатца Михайловске деша вахнийла.
Боьалг1ачу беттан пхоьалг1ачу дийнахь Бисолтг1еран кет1а веанчу цхьа жимачу стага
– Х1е-е, чохь дуй шу? Бисолта? – аьлла, з1арах г1аж а тухуш, мохь туьйхира.
– Х1ун дора ахь? – аьлла, кет1а веара Бисолта.
– Х1ара кехат даийтина шуьга, Зайндигара ду моьттуш а ву со х1ара, – аьлла, Бисолте кехат д1а а кховдийна, чехка юхавирзира и жима стаг.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля