Ворх1алг1а май – радио кхоьллина Дуьненан йукъара де аьлла ч1аг1дина ду. Тахана и з1е хьалха санна г1аръйаьлла йацахь а, ладог1архошна керланаш довзуьйтучу хаамийн г1ирсех, коьртачарах цхьаъ хилла схьайог1уш йу иза.Радион х1инцалера хьоле хьаьжича, бахархоша хьалха санна шуьйра лелош йацар иза. Делахь а, керланаш ладог1ахошка сихха д1акхачочарах цхьаъ йу радио. Дукха хьолахь, цуьнга ладуг1урш машенахь берш хуьлу. Х1унда аьлча, машен хахкарна цхьа а новкъарло а йоцуш, ладег1а аьтто хуьлу цуьнга. Дуьххьара кхоллайеллачу дийнахь дуьйна, шо-шаре мел долудебаш, дуккха а нахана йевзаш, дуьненан массо а маь1ехь шен з1енаш туьйсуш схьайог1уш йу иза. Йуьхьанца цуьнан каналашкахула деккъа керланаш бен хуьлуш хилла дацахь а, дукха хан йалале эфирехь лекхийта йолайелла эшарш а. Иштта, ладог1архошна оьшуш йолу, цара йезаш т1еоьцуш йолу передачаш а йоьхкуш хилла ма-йарра эфирехь.
Вайн махкахь а йу иштта бархархойн хьашташна кхоьллина радио. ГТРК «Дагестан» туьшехь вайн регионерчу дейтта даккхийчу къаьмнийн ненан маттахь хуьлуш йу цуьнан эфир.Иштта, Дагестанерчу нохчийн а йу шайн редакции. Иза кхоьллина 1982-чу шеран оханан цхьалаг1чохь. Шайн цхьа а хаамийн г1ирс боцуш 1ачу нохчаша хазахетарца т1еийцира и кхаъ. Оцу дийнахь, дуьххьара ладог1архошна хезира х1ара дешнаш – «Къамел до Махачкалара». Тахана 41 шо хан йаьлла и дешнаш ца хеддаш, х1ора денна, ладог1архошна хезаш долу. Йуьхьанцара дуьйна, йеххачу ханна йа к1еззига беш, кхузахь белхаш бина Испайханов Явмурада, Гамзатова Аминатс, Умаев Юсупа, Умаханов Эдалгерис, Баймурадов Салвадес, Якиев Умара, Ахиев Руслана, Хазбулатова Маьлхазнис, Арсаналиева Зухрас, иштта, х1ара материал кечйеш волчу аса а. Амма, тахана, къомана пайдана (иштта бен а хуьлийла дац иза, х1унда аьлча алапан доьхьа и болх бийр бац цхьамма) кхузахь къахбоьгуш йу Умаханова Джамиля.
Уггара халаниг хьалхара шо дара. Болх бан ма безза бан хууш берш бацара. Хьакъболу белхалой лоьхуш д1айелира хан. Белхан меттиг Махачкалахь йара, ткъа цигахь нохчий к1еззига бара. Х1ора денна, кхоччуш болх д1акхехьа Хасавюртара д1алела безаш бара. Амма, къоман патриоташ хиларна бахьана долуш, йуьхьанцара белхахойн тоба кхоллайелира. Оцу ханахь дуьйна, белхалойх цхьа а бехк ца болуш, хила ма- безза болх д1ах1оттийна схьайог1уш йу дагестански радион нохчийн редакци.
Массо а ханна, вайн радиохь («Нийсо» газетан аг1онашкахь санна), коьрта тематика вайн къоман хьашташ дара. Оцу хенналца, мохь тоьхна д1аала йиш йоцуш лаьттина халкъан лазамаш бара. Уьш д1абийца а, хаа дезачарна и т1екхачо а, ма-дарра дийца а аьтто белира вайн маттахь радио кхолларца. Ткъа дийца дуккха а дара, белхан меттигашна т1ера д1аволавелла, къоман политикана т1екхаччалца, шайн йукъахь коьртаниг а долуш – Ауховски к1ошт меттах1отторан г1уллакх. Вайна ма-хаъара, кхечу къаьмнийн а, центральни а хаамийн г1ирсашкахь иза дуьйцуш а дацара.
Ала дог1у, Баймурадов Салвади коьрта редактор волчу заман чохь, нохчийн редакцин 20 шо а, 25 шо а кхочуш шозза юбилей йира. Кхуза кхайкхина бара Дагестанера а, Нохчийчуьра а дуккха беза хьеший – йаздархой а, журналисташ а.
Тхайн «Нийсо» редакцин кхолламан тобанан ц1арах, Радион денца суна даггара декъалйан лаьа дагестански радион нохчийн редакцин коьрта редактор йолу Умаханова Джамиля. Лаьа, х1инццалца схьа санна, нохчийн мота, 1адаташ а, ламасташ а, г1иллакх-оьздангалла а ларйеш, кхиош ахьа къахьоьгийла. Айхьа бечу балха т1ехь кхиамаш а хуьлуш, йезачийн-безачийн вуон ца гуш, ирсе дахар хуьлийла хьан.
Авторан сурт