Шу марха кхобуш дуй?

Къайлаха, адам доцучохь, мархийн баттахь йаъа х1ума йууш цхьа воккха стаг гира кегирхошна. Т1аккха цара хаьттира: – «Ваша, хьо марха кхобуш вуй» — аьлла.
Воккхачу стага жоп делира: – «Со марха кхобуш ву, делахь йаъа х1ума йуу аса, хи а молу аса».
Кегирхой белабелира: – «Ваша, и муха хуьлу»?
— Со эладиташ дуьйцуш вац, цхьаьнга лекхара хьоьжуш вац, цхьанне адамах воьлуш вац, вуо х1уманаш дуьйцуш вац, цхьанне вуон болх хила лууш вац, Аллах1 хьехош ву, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) суннатехь ву, хьарамачух ларлуш ву, нехан х1умане сатуьйсуш вац. Амма цхьах1ума ду – сан кийра цомгаш бу. Йаа х1ума ца йиича ца мега, иштта хи ца мелча а ца мега со. Сийлахь волучу Далла шайн къуръан чохь ма аллара – «Ша цхьанне дег1ана т1едиллина ма дац цуьнан ницкъ кхочуриг бен». Ткъа Аллах1а бакъо ма ло могаш воцучунна марха ца кхаба. Шари1ато бакъо йелларг ду аса лелош дериг.
Т1аккха воккхачу стага кегирхошка хаттар делира – «Ткъа шу дуй марха кхобуш»? – аьлла.
Церан кортош охьаохка белира. Г1айг1ане ийгира уьш. Царах цхьамма иэхь а хеташ, жоп делира – «Х1ан-х1а, Ваша, дац хьуна тхо марха кхобуш. Тхо меца 1аш ду хьуна».
Воккхачу стага дийциначух шаьшша кхийтича, царна хиира, шаьшша лелориг меца 1ар бен кхин х1умма а доцийла.
Дин дикка девзачара олу, марха кхабарехь уггаре а атта дериг – иза меца 1ар ду, олий. Х1унда аьлча, тахана вайна йукъахь шуьйра даьржина маттаца летош долу къинош. Дала 1алаш дойла вай а, вайна дукха безарш а.
Вай-м дац те меца 1ачарах? Йа кхаба ма-дезза марха кхобуш ду вай? Х1оранна а щен хьал дика девза. Дала къобалдойла вайн марханаш а, иштта вай йеш хин йолу кхин йолу 1амал а. Аллах1 реза воллучу кепара кху беттан сий диначарах хуьлийла вай. 
Д1аяздинарг — БАЙМУРАДОВ Мовсар