Дош а, цуьнан мехалла а

Карара хан, вайна ма-хаъара, дуккха а аьттонаш болуш йу вайна. Дерриге а дуьненахь адамана дикачу аг1ора йукъадохуш долу х1уманаш бахьана долуш, вайн дайша а, дедайша хьегна къа вайна гена дисна. Хазахета иштта атта дахар вайн хиларна.
Иштта таронаш хилар, иза Делера совг1ат ду. Иза иштта дуй а хууш, цуьнан хам ца бахь, Делан оьг1азало т1е йоссаран кхерам бу вайна. Хууш ма-хиллара, халонаш т1е йаьхкича барт хуьлу, къонахий гучубовлу. Амма атта зама йеъча берриге вовшашна мостаг1ий болуш санна, девнаш совдуьйлуш, жимма бахьна хилча къуьйсуш, дерг-доцуриг а вовшашна т1екхуллуш, мотт бетташ, иштта галадолу къам. Дала кхин ма гойтийла вайн халкъана вуон хан-зама.
Карарчу хенахь вайна йукъахь йаьржина цхьа-ши сакхталла хьахо лаьа суна. Шуна а, хьоме газетдешархой, сих-сиха дацахь а, гуш хила тарло и – къонахчунна дош довш меттигаш хуьлу. Хийла баккхийчара олуш хезна вайна, дешан да хила веза олуш. Вайна ма-хаъара, делла дош кхочуш дан дезаш ду. Иза декхар а ду. Амма, халахета, тахана ша къонах ву бохуш волу стаг и дош бакъахьа а, харцахьа а д1аса кхуьссуш, шенна дуьненан пайда хилчахьана, шен сий а, йуьхь а ца ларош лелар. Иштта дериг мел хила йиш йацахь а, долуш-м ду вайна йукъахь. Т1е хьаьжича вуьззина къонах хуьлу, дег1-куц а долуш, дакхий хабараш а дуьйцуш, хаза товш т1едуьйхина а долуш. Амма, ша аьллариг шолаг1ачу дийнахь дага а ца дог1уш, делла дош, йина ч1аг1о, цхьа а пусар а доцуш д1а тосу цо.
Шолаг1а кхачамбацар – нахана йукъахь волуш шега ца дог1ург дийцар а, дукха лиер а. Дешан толам баккха г1ерташ х1уъ-х1уъу а йуьйцуш, гонаха 1ачу нехан хан йойъуш, царна новкъарло йан мегар дац. Цундела ала дог1ург аьллачулла т1аьхьа, шен къамел дерзо деза. Дукха дуьйцучуьнан, йуххахь лаьттачеран хьалха мах бов. «Муш – беха, дош – доца» — олуш кица ду вайн. Цуьнца цхьаьана дог1уш хила деза къамел а. 
Дийцич-м дуккха а ду. Хуучара кхин а хаза а, чулацаме а йаздийр дара х1окху кхачамбацарех лаьцна. Амма, аса х1орш хьахор х1ун бахьана ду аьлча, т1аьхьарчу хенахь сайна гуш долучу хьолах лаьцна йаздина аса. Иза иштта д1адаха йиш йац. Вайн динца а, къоман г1иллакхца а дог1уш дац иштта дерг. Дала д1адохийла вайна йукъара иштта и кхачамбацарш. 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля