Шен ненан меттан сий дар юкъараллехь ша-тайпа доккха маь1на долуш ду. Шен ненан мотт йиш йолуш вац стаг хийца кхечуьнца. Х1унда аьлча, иза къамел, йоза хилла ца 1аш, б1е, эзар шерийн хенашца вайн дай-наношкара вайна схьакхаьчна хазна ю.Цундела х1оранна а хаа деза шен мотт ларбарехь, мотт кхиарехь, иза шен т1аьхьенна «д1акховдорехь» мел доккха жоьпалла а, декхар а дуйла. Оцу жоьпаллин, декхаран гайтар, довзийтар, лакхадаккхар 1алашо а йолуш, х1ора а шарахь Дагестанехь д1ахьош ю «Ненан меттан дикачарех хьехархо» аьлла йолу конкурс.Шех ламаст хилла йолу и конкурс Дагестанерчу Хасавюрт-г1алин т1ег1анехь д1айаьхьира шахьаран №9 йолчу школехь.Боккхачу лаамца, хазахетарца кечам бинера оцу школан хьехархоша шайн дешархошца цхьаьна хьеший т1елаца а, конкурс д1аяхьаран хьелаш д1ах1отто а, кхайкхина хьеший – Хасавюрт г1алин администрацин куьйгалхочун заместителан декхарш кхочушдеш волу Чергизбиев 1иса Имампашаевич, г1алин образованин урхаллин хьаькаман декхар кхочушдеш волу Трещев Станислав Викторович, администрацин куьйгалхочун заместитель Муртазалиев Арсен Арсаналиевич, ГУО-н коьрта говзанча, ненан меттанийн куратор – Рашидова Азра Ахмедовна, нохчийн, суьйлин, г1умкийн газетийн корреспонденташ — «Нийсо-Дагестан» Зайнулабидов Х.Э., «Насихьат» — Магомедов И.И., «Къумукъ тюз» — Алимгадажиев М.К. бовзийтинчул т1ахьа, дош хьешашна делира. Цара шайн къамелехь коьртаниг билгалдаьккхира:
— Дагестанан халкъ 30 сов къаьмнех д1ах1оьттина. Хора а къоман шен мотт 1амор юкъараллин а, къаьмнийн а доттаг1алла, уьйраш вовшашца ч1аг1ъярехь, коьртаниг оьрсийн мотт а болуш, вайн дахарехь доккха маь1на хилар вайна массарна а хаьа. Цундела, «Х1ора а конкурсанте – толаме кхача аьтто хуьлда шун!», бохуш, дерзийра цара шайн къамелаш.
Цул т1аьхьа «х1усамдайша», №9 йолчу ишколан хьехархоша Исмаилова Мадинас а, Исаев 1исас а хьешашна лерина кечйина концертан программа д1айехьира. Дешархоша суьйлийн, нохчийн, г1умкийн, оьрсийн поэтийн, композиторийн стихаш а, иллеш а элира, хелхарш а гайтира ма-барра болчу артисташа санна.
Шина декъе екъна йолу конкурсан хьалхарниг — «Самопрезентацин» къийсарш д1адолийра г1алин школийн ненан меттан хьехархойн векалша.
Ткъа 9-чу февралехь оцу конкурсан шолг1а «Мастер-классс» дакъа хилира, хьехархоша кхетош-кхиоран болх ненан меттан урокашкахь д1абахьаран башхаллаш, хаарш дешархошна 1амор, довзийтар, ненан матте безам кхиор гайтарца.
Конкурсан жам1аш билгалдаьлча, зорбане а дер ду.
Авторан суьрташ