Хууш ма-хиллара, кху беттан 19-чохь дерриге дуьненахь билгалдоккхуш ду ненан меттан де. Цунна лерина массо а пачхьалкхашкахь тайп-тайпана мероприятеш д1ахьош йу. Иштта, оцу г1уллакхана лерина жигара дакъалоцу вайн махкахь а.
Д1адаханчу к1ирнахь, Хасавюрт г1алин лоьмар 7 йолчу ишколехь д1абаьхьира байташ йоьшуш къийсамаш. Кхуза кхайкхина бара меттигерачу массо а йукъараллин дешаран туьшашкара 11-чу классашкара дешархой. Мероприятин гурашкахь, дакъалоцучара кхочушдан дезаш декхарш дара – школьни программица йог1уш йоцу литература, байтан йохалла йукъаметтера, нийса, кхеташ йийцар иштта д1а кхин а. Бакъду, духарца дериг мело атта лело деза аьлла дийцина дара хьехархойн йукъахь. Урокашкахь лелош доллу духар хилча а тоьар долучу кепара. Х1унда аьлча, массо а ишколашкахь дац вайн къоман духарш. Т1аккха, уьш тардан г1ерташ, дешархошна а, хьехархошна а г1еххьа харж хуьлу. И бахьана долуш, духарца йолу аг1о, дакъалацархошна парг1ат йитина йара. Амма, ала дог1у, кхузахь хьалхара меттигаш а баьхна, кхин д1а, республикин т1ег1анехь болучу байт йешаран къийсамашка г1уш болу декъашхой, вайн къоман духар а дуьйхина хила безаш бу.
Берийн хаарш толлуш жюрин декъашхой бара – вайн газетан белхало, нохчийн меттан говзанча Зайнулабидов Халид, хьехархой Дакаева Замрат а, Лабазанова Руми а, иштта Хасавюртан образованин урхаллехь ненан меттан отделан куьйгалхоРашидова Азра. Нохчийн маттахь байташ йоьшуш дакъалоцуш пхиъ дешархо вара. Уьш иштта к1езига хиларна ша-тайпа бахьана дара. Цкъа делахь, кхуза кхайкхинарш цхьайтталг1ачу классашкара дешархой бен а бацара. Ткъа йуха делахь, массо а ишколашкахь йац 11-г1а классаш. Дукхах болу дешархой исс класс чекхйаьккхинчул т1аьхьа цхьацца СУЗашка деша боьлху. Т1аккха, итталг1а а, цхьайтталг1а классаш шо шаре мел долу к1еззига йуьсуш йу.
Массо а декъашхошка ладоьг1начулла т1аьхьа, жюрис иштта жам1аш дира къийсамашна:
3-г1а меттиг – Бисултанов Джамал (СОШ №11). Хьехархо – Бисултанова Ума.
2-г1а меттиг – Магомедова Анжелика (Гимназия №2). Хьехархо – Бичиева Райхан.
Хьалхара меттиг – Мусаев Хьасан (СОШ №17). Хьехархо – Абдукаримова Халжат.
Ала дог1у, йерриге республикин т1ег1анехь хила йезачу турехь, хьалхара кхо меттиг баьккхинарш хирбу дакъалоцуш. Цундела, церан массеран а цхьатерра аьтто бу цигахь толам баккха. Церан Дала аьтто бойла.
Авторан суьрташ