Нохчийчоь суртдиллархочун басаршкахь…

Вайн махкахь шуьйра йевзаш йолчу, Нохчийн Республикин халкъан суртдиллархочун Даудова Фатимин суьртийн гайтам схьабиллира кху шеран 20-чу декабрехь Соьлжа-ГIаларчу «Сийлаллин Аллея» цIе йолчу музей-комплексехь.
Даудова Фатимин цIе искусство йевзачу а, йезачу а нахана йукъахь йоккхуш йолу дуккха а хан йу. Иза доккха похIма долу суртдиллархо а, дика хьехархо а йу. Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан университетан архитектурин кафедрехь доцент йу къона зуда. Цо Iамийначу студентех дукхахберш, дика архитекторш хилла ца Iаш, йоккха говзалла йолу суртдиллархой а хилла, республикехь а, кхечу регионашкахь а дIахьочу суьртийн гайтамашахь жигара дакъа а лоцуш.
 Ткъа тахана Фатимин суьртийн гайтам схьабоьллуш, иза цу бIаьрлачу гIуллакхца декъал а йеш, кхузахь дакъалаца баьхкина: