Делера совгIат

Вехаш Iаш вара цхьа чIерийлецархо. Хаза сурт-сибат долуш, жимастаг вара иза. Доьзал бара цуьнан – кхуьуш ши бер дара, даима велавелла-векхавелла гора иза. Дахарехь шена мел яккхий халонаш тIеIиттаяларх, хIуманна бIокъажор боцуш, ша догъэшна ца гойтуш вехаш вара иза. Ткъа цуьнан дахар аттачех а дацара.