Вайн дахаран коьрта закон

Россин Конституцин Де вайн махкахь билгалдоккху 12-чу декабрехь. Дерриге а халкъо кхаж тасарца мехкан и коьрта закон т1еэцна 1993-чу шеран 12-чу декабрехь. Ткъа ша и дезде ч1аг1дина Российски Федерацин Президентан Указаца 1994-чу шеран 19-чу сентябрехь. Цкъа хьалха и де мукъа де дина кхайкхийнера. Ткъа 2005-чу шарахь дуьйна иза белхан де ду.