ДегIастанан Республикин Халкъан Гуламан 30 шо кхочуш ду

Къобалйина юбилейн логотип а, шуьйра мероприятеш йукъайог1уш йолу вовшахтохараллин комитетан белхан план а. Царна йукъахь ду парламентан ладег1арш а, горга стоьлаш а, меттигера арахьара цхьаьнакхетарш а, конференцеш а.
Дуккха а дийцира Дагестан кхиарх а, бахархошна г1о-накъосталла дарх а лаьцна.
Уггаре коьртаниг — социальни сфера йу. Г1ортор йо республикин куьйгалло х1оттийначу курсана, боккха тидам т1ебохуьйту СВО-н декъашхошна а, церан доьзалшна а, дуккха а бераш долчу дай-наношна а, ветеранашна а г1о даран декъехь низамашна.
Заура Асевовича дагадаийтира, Дагестан мехкан дуьххьарлерачу регионех цхьаъ хилар, ветеранийн а, лерринчу операцешкахь дакъалацархойн а г1уллакхашкахула леррина комитет кхоьллина. Шеко йоццуш, иза мехала г1улч йу т1еман аренгахь вайн мохк ларбечарна 1алашонца г1о дарехь.
Халкъан гуламо тидам т1ебохуьйту парламентан белхахоша цхьаьнаболхбарна, хазахетарца т1еоьцу кхечу регионашкара белхан накъостийн кхиаме зеделларг, федеральни центрерчу белхан накъосташца йукъаметтигаш лело.
Дагестанан экономикан бух бу бизнес кхиор. Парламентан спикеро нийса билгал ма-даккхара, Народни Собранин балха т1ехь коьртачу г1уллакхех цхьаъ ду жима а, йуккъера а г1уллакхаш кхиарна хьелаш кхоллар а, инвесторш 1алашбар а. Бизнес лелор аттачу даккхарехь а, вайн республикехь йаккхий проекташ кхочушъйан кийча болчу инвесторшна г1одарехь а къахьоьгуш йу Халкъан Гулам.
Вайх х1оранна а лаьа Дагестан хаза а, кхиаме а ган, цундела оцу г1уллакхашна т1ехь болх бан беза.
Аскендеров Заура йийцина йолу тезисаш бахархойн дахар тодарна а, регион кхиорна а т1ехьажийначу тхан кхид1а а бечу белхан бух хир бу. Со тешна ву вай нийсачу аг1ор д1адоьлхуш хиларх, — ч1аг1дира цо.
Халкъан гуламан юбилейна лерина документальни фильм кечйийр йц парламентан историх а, г1уллакхех а лаьцна дуьйцуш, ткъа гайтам вовшахтоьхна, арахоьцур йу «Дагестанан Республикан Халкъан Гуламан 30 шо кхаьчна» ц1е йолу книга.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля