Муьлхха а пачхьалкхехь, йа кхин йолчу Автономешкахь а, Республикашкахь а демократически 1едал д1ах1оттаран коьрта билгало йу Конституци. Цундела, ларамза дац иза т1е эцна терахь даздаран де ларар а. Иза шуьйра билгалдоккху меттигерачу 1едалан векалша а, тайп-тайпана оранизацеша а, иштта массо а бахархоша а. 1996-чу шеран 26-чу июлехь т1е эцна Дагестанан Конституци. Х1ора шарахь и де шуьйра билгалдоккху вайн махкахь бехаш болчу х1ора къомах болчу бахархоша, х1унда аьлча иза Дагестана коьрта Закон ду. Граждански а, правовой а юкъаралла кхоллараллехь коьрта дакъа лоцу тахана вайн республикин Конституцис. Вайн пачхьалкхехь дуккха а къаьмнаш дехачу субъектех цхьаъ йу Дагестан. Иза вайн бахам а, дозалла а ду. Массо а къаьмнийн цхьатерра бакъонаш а йу. Цундела, кху денна лерина даздарш хуьлу Дагестанан массо а г1аланашкахь а, к1ошташкахь а. Цигахь, дукха хьолахь, меттигерчу 1едалан векалша а, Оьздаллин ц1ийнан белхалоша а, муниципалитетийн куьйгалхоша а, иштта юкъараллин организацеша а, бахархоша а дакъа лоцу. Даздаран лерина кечйинчу майданашкахь х1ора шарахь Россин а, Дагестанан а гимнаш лекхарца, къаьмнийн векалша шайн культура а, ламасташ а, 1адаташ а гойтуш, сценкаш х1иттош, эшарш локхуш, Даймахках лаьцна байташ йоьшуш, бигалдоккху х1ара де. Цо гойту бахархойн бакъонаш а, паргIато а, хьашташ а кхочуш деш, республика нийсачу новкъахь хилар. Амма, хууш ма-хиллара, т1аьхьарчу шерашкахь вайна йукъахь даьржина коронавирус олуш ун бахьанехь, иштта дуккха нах вовшахтухуш мероприятеш к1еззига хуьлу. И бахьана долуш, шуьйра и де билгалдаккха таро йац кху шарахь а.
Россехь дехачу массо а къаьмнийн санна, вайн а декхар ду вайн республика а, ерриге пачхьалкх а зуламхойх лар йан. Цара яржочу харцонах 1еха ца луш, вайн конституцис ма-бохху лела деза вай. Коьртаниг — къаьмнийн цхьабарт хилар ду. Ткъа иза ца хилахь, вайн кхане бодане йу. Вовшашца барт болуш, Конституцис ма-бохху даха кхетам а, хьекъал хуьлда вайн массеран а.