Вайн массо а пачхьалкхехь санна, х1утосург беттан 9-чохь Толаман де сийлахьчу кепара даздеш барам д1абехьира Дег1астанан Новолакски к1оштан Ярыксу-Аух йуьртахь, т1ом бина вайн къоман к1ентий дагалоцуш х1оттийначу мемориалан комплексехь.
Кхузахь, вайн нохчийн лаьтта т1ехь, гулбелира, шайн синош ца кхоош, вайн Даймохк т1елатархойх ларбина, иза парг1атбаьккхинчу нехан бераш, берийн бераш, берийн берийн бераш, кхиберш а.
Барам д1аболабелира Балюрт-йуьртарчу йукъараллин боламан жигархочо Османов Харона до1а дарца.
Къамел дира политолога, Дагестанерчу нохчийн Йукъараллин кхеташонан председатела Батырсултанов 1аьрбис а, йукъараллин г1уллакххочо, «Иэс» ц1е йолчу масех книгин автор волчу Касимов Вахитас а, Афганистанан т1еман декъашхо, Нохчийн Республикин Зандакъара вахархо волчу Ханбетиров 1абдулбесира а, Гудермес к1оштара Энгельюртара Музаев Ильяса а.
Батырсултанов 1аьрбис баркалла элира массо а декъашхошна а, сийлахь барам вовшахтоьхначарна а. Къаьсттина баркаллин дош Ярыксу-Аухера вахархочунна Гафуров Ханпашина элира 1аьрбис, комплекс схьайилличхьана гонахара меттигана а, ша мемориалана а т1ехь терго латтош волу.
Гулбеллачара сий дира т1еман аренашкара ц1а ца бирзинчеран вайн к1ентийн иэсана. И хилам вайна, т1аьхьенашна, ч1ог1а мехала бу, х1унда аьлча, иэс мел деха, вай а дехар ду, вайн халкъан турпалалла а йехар йу гуттаренна а.
ЗАЙНУЛАБИДОВ Халид

