Кху шарахь 81 шо кхочу Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь советски халкъо боккха толам баьккхина.
Дуккха эзарнашкахь адам дахара фашизмаца къийсам латто. Царна йукъахь бара вайн г1арабаьлла махкахой, турпалхой Нурадилов Ханпаша а, Бейбулатов Ирбайхан а, дуккха кхиберш а.
Иза йеккъа цхьа историн тептар т1ера аг1о йац — вайн дегнашна к1орга чов йу. Даймехкан парг1атонна а, шайн берийн кхане хилийтархьама а шайн синош д1аделла вайн пачхьалкхан турпалхоша.
Патриотизман символ хилла д1ах1оьттира т1емалочун доьналла а, турпалалла а. Йа инзаречу мацалло а, йа шелоно а ца бохийна вайн махкахой, х1унда аьлча, уьш ч1ог1а тешара шайн Даймехкан сирла кхане шаьш ларйеш хиларх. Церан ницкъ бахьана долуш, маьршачу стигална к1ел дехаш ду вай, вайн историх, цуьнан хазаллех дозалла дан йиш йолуш.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман фронташкахь доьналла гойтуш т1ом бира вайн мехкан дерриге а халкъаша. Т1амо йина чевнаш, вайн сийлахьчу т1емалоша фронташкахь гайтина хьуьнар, советски эскаро гайтина турпалалла а вайн халкъан иэсера цкъа а довр дац. Нацистийн Германина т1ехь толам баьккхинчу советан эскарийн доккха хьуьнар б1ешерашкахь лаьттар ду.
Толаман де — Россин Федерацехь къоман дезде, билгалдоккху х1ора шарахь х1утосург беттан 9-чу дийнахь. Толаман де дуьххьара кхоьллина СССР Лакхарчу Советан Президиуман Указаца 1945 шеран х1утосург беттан 8-чохь, толамца чекхбаьккхира Сийлахь Даймехкан т1ом Германи эшорца.
Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом лаьттира диъ шарахь — 1941 шеран асаран беттан 22 дийнахь дуьйна 1945 шеран х1утосург 9-г1а де кхаччалц, оцу хенахь 26 млн сов советан бахархой ц1а ца бирзира, шайна йукъахь эгна эскархой хилла ца 1аш, т1амехь белла йа кхечу территорешка д1абахийтина маьрша бахархой а болуш.
1945 шеран кхолламан беттахь д1айолайелира советийн т1елетар, цуьнан чаккхе хилира турпалаллин Берлин схьайаккхарца. Советан эскаро 325 эзар сов эскархо а, эпсар а вийра г1ала ларъйеш хиллачу т1амехь. Берлинехь ч1ог1а т1ом бира фашистийн эскархоша, ур-атталла танкаш а лелош. Ткъа эххар а, х1утосург беттан 9-чу дийнахь 1уьйранна 12 сахьт 43 минот йаьлча немцойн капитуляцин куьйгаш йаздира. Хенан башхалла бахьана долуш Дуьненан шолг1а т1ом чекхбалар билгалдоккху вайн пачхьалкхахь х1утосург беттан 9-чу дийнахь, ткъа Европехь — 8-чохь.

1945 шеран х1утосург беттан 9-чохь 1уьйранна 6 сахьт даьлча йерриг Советан пачхьалкхехь динамикаш т1ехь хезира СССР Лакхарчу Кхеташонан Президиуман х1утосург беттан 9-г1а де — къоман дезде — Толаман де — кхайкхор. Цу сарахь церемониальни салют йира, 1000 тоьпан 30 залпах лаьтташ.
Толаман ден сий деш дуьххьарлера т1еман парад хилира Москох Ц1ен майданахь 1945 шеран асаран беттан 4 -чохь, амма 9-г1а деза де доца хилира; 1948 шарахь советан 1едало сацам бира пачхьалкх меттах1отторна т1е тидам бахийта, д1адаьхна хьалдолуш даздарш.
Толаман де йуха а деза де дира Брежневн заманахь 1965-чу шарахь, ирча т1ом д1абаьлла ткъе итт шо кхачар даздечу хенахь. Массо а турпалхойн г1аланашкахь д1айаьхьира церемониальни парадаш а, даздарийн петарш а, дешаран заведенешка а, заводашка а кхайкхира ветеранаш а, тылехь дакъалаьцнарш а.
Цхьа а доьзал бац хьалха хиллачу СССР-хь Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амах хьакха ца луш. Х1ораннан а дай бу Латта фашизмах к1елхьардаккха г1о дина. Церан турпалаллин амалш йу вай х1окху дийнахь дагалоьцуш йерг а, кхид1а а дозалла деш йерг а. Халачу 1990-чу шерашкахь а нахана дагадог1ура и сирла а, г1айг1ане а дезде.
Т1ом йеккъа цхьана салташна а, эпсаршна а хала ца хилла. Могашалла бахьанехь а, йа хенаца а фронте ваха аьтто боцурш оборонан индустрехь болх беш бара. Заводийн белхалойн белхан меттигаш д1алаьцна кхиазхоша а, зударша а. Цундела фашистийн оккупанташна т1ехь толам баккхар дозалла дан х1ума ду дерриг а советан халкъана, цуьнан т1аьхьенаш кхечу меттигашца цхьаьна кхузаманан Россехь бехаш бу.
Толаман дийнахь коьртачу ламастех цхьаъ ду ц1ен байракх лелор. И ламаст лардеш ду 1965-чу шарахь дуьйна, 1945-чу шарахь советан эскархоша Рейхстагна т1ехула хьалайаьккхина байракх бахьанехь.
Ламастехь ма-хиллара, Толаман денна лерина парад д1ахьо Москох Ц1ен майданахь х1утосург беттан 9-чу дийнан 1уьйранна, х1ара шо а хир дац цунах къаьсташ. Петербургехь д1ахьош йу х1ордан флотан парад. Иштта турпалхойн г1аланашкахь а, т1еман сийлаллин г1аланашкахь а д1ахьо барамаш. Сарахь тоьпан петаршца а, салюташца а церемониальни салют йо.
Толаман дийнахь меттигерчу х1олламашка а, мемориалашка а боьлху нах, зезагаш а эцна. Паркашкахь а, майданашкахь а д1ахьо тайп-тайпана концерташ, артисташ а, самодеятельностан коллективаш а йолуш. Г1аланашкахь д1ахьо барамаш, маршонаш.
Т1аьхьарчу шерашкахь цу дезчу дийнан билгалонех цхьаъ хилла д1ах1оьттина Георгиевски ленточка. Иза 2005-чу шарахь дуьйна лелайо вайн бахархоша а, кхечу пачхьалкхийн бахархоша а, турпалаллин а, доьналлин а символ санна.
Х1утосург беттан йуьххьехь дуьйна йукъараллин транспортехь а, дешаран учрежденешкахь а, кхечу йукъараллин меттигашкахь а мехаза ленташ йоькъу волонтераша. Бераша а, баккхийчара а лента лелайо дезчу дийнахь, Толаман дуьхьа шайн синош д1аделлачеран сий деш.
Толаман денца доьзна кхин цхьа ламаст а гучудаьлла дукха хан йоццуш: «Бессмертный полк» ц1е йолу граждански-патриотически марш. Г1алин йуккъерчу урамашкахула колоннехь лела декъашхой, т1амехь дакъалаьцначу шайн баккхийчу дайн суьрташ т1ехь долу билгалонаш а йолуш. Х1ораммо а шен доьзалан т1еман дийцарш д1айаздо «Бессмертный полк» боламан сайта т1ехь. И марш карарчу хенахь д1айоьдуш йу 80 пачхьалкхехь а, территори т1ехь а.
Толаман де даздаран коьрта 1алашо самукъане даздарш дац, амма х1инцалерчу т1аьхьенашна дагадоуьйтуш ду турпалхоша машарна а, маршонна а белла мах.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

