Веданан кIоштарчу Хорача юьртана къилбаседа-малхбузе агlор долчу лаьмнашна тlера чуэгаш чухчари ю. lаьндойн регlа тlера ткъех метр лакхара чуlенаш, седа санна, сирла а, цlена а хи ду иза, lаламо кхоьллинчу исбаьхьачу хьостанах схьадаьлла. Цу хих наха «Шовда-чlаба» олу.
Къоьзан lома тlе воьдучу некъаца ду и шовда. Кхузахь массо а хенахь адам хуьлу – тlехволучунна хlоранна а лаьа, кхузахь сецна, lаламан хазаллах марзо эца а, шийла шовда мала а.
«Садоlуш волу Харачойн Зеламха» аьлла, наха цlе тиллина хlоллам а бу шовданна юххехь. Тlулгах дина, зоьрталчу ламанхочун сурт ду иза. Паргlат охьа а хиъна, леррина хьалхахьа дlа а хьоьжуш, lа, карахь топ йолу, гlеметтахlоьттина стаг ву суьрто гойтург.
Дийцарехь, кхузахь садоlуш хазахеташ хилла Харачойн Зеламхина.
Нохчийн ширачу lедалехь иза ма-хиллара, кест-кеста «нускал хитlе даккхар» олу ламаст а дlахьо кху шовданна йистехь. Цу гlуллакхна гонахарчу ярташкара нах а богlу кхуза.
Шовданан цlе тиллар иштта нисделла бохуш, дуьйцу кхузарчу наха: Хорачуьрчу цlеяххана хазачу йоlана цхьа лурвоьлла жима стаг везавелла.
Шен мостагlех лечкъаш, хьаннашкахула, лаьмнашкахула лелаш хилла и кlант. Йоьlан да-нана реза ца хилла шайн доьзалхочо бинчу харжамна, йоl кхечу стаге яхийтар хьехош хилла цара.
Ломан когашкахь, кхузахь lаламо исбаьхьаллица хазйинчу меттехь – жимачу шовданан йистехь, шаьш тlехьийзачу зудаберашка – къамел дан богlуш хилла юьртара кегий нах.
Зудабераша, кегийчу чамешца хи схьа а оьцуш, шайн кlудалш юзуш хилла.
Шена, дукхаеза йоl хитlе йогlу лар а йина, шовданан йисте веана лурвоьлла кlант. Тешамна кара хlума луо шена аьлла, дехар дина жимачу стага. ПIелгара схьаяьккхина, дашо чIуг елла йоIа кIанте. Баркаллица схьа а эцна, чIуг кисана йиллина жимачу стага. Оццу хенахь шовданна тlебогlучу нехан гlовгlанаш хезна цушинна. Уьш бекхам бан богlу лурвоьллачу кlентан мостагlий хилла.
Йоьхначу йоlа: «Къайлавала сихха!» – аьлла кlанте. Амма езачу йоlана хьалха кlилло хила ца лиъна цунна.
«Хlинца со вадахь, суна а, сан тайпанна а тlе эхь догlур ду», – ойла йина кlанта.
Яхь йолу къонаха дозаллица вала кечвелла. Шен гlодаюккъе йихкина шаьлта схьа а яьккхина, лаьтта охьакхоьссина цо. Бекхам бан хьаьгна болу мостагlий тlелата кийча хилла.
Цlеххьана, шен коьртара йовлакх а даьккхина, цlий lано кечбеллачу нехан когашна хьалха иза охьатесна йоlа. Исбаьхьа цуьнан чIаба охьахецаелла коьртара. Лаьтта кхаччалц еха йолчу йоIан чIабанах цецбевлла а, хIоьттинчу хьолехь шаьш хIун дан деза а ца хууш бисина мостагIий.
Лурвоьлла кlант вен баьхкинчу нахана юккъера схьа а ваьлла, царах массарал а воккхачу къонахчо иштта къамел дина: «Совцалаш! Вайнехан шира lадат дохо йиш яц вайн. Шуна гуш ду: вайн мостагl вала кийча ву, шен тайпанан сий а лардина. Цуьнан доьналлин мах хадош, вай цунна гечдан деза».
Тlе а кхайкхина, мара а беттабелла, кlант витина цара. Йоlана а баркалла аьлла цо динчу гlуллакхна. Уьш берриге а юьрта бахана, лурвоьлларг витина хилар нахана дlа а хоуьйтуш.
Оццу дийнахь юьртарчу баккхийчу наха захало эцна йоIан дена тlе нах бахийтина. Кхаа дийнахь, кхаа бусий ерриге а юьрто ловзар латтийна, кегийнаш цхьаьнакхетар а, стаг витар а даздеш. Доьалгlачу дийнахь шовданна тlе хи эца баьхкинарш, цец а бевлла, бисина. Хьалха жима хиллачу шовданах, чухчаре хилла.
Везачу Делан совгlат хилла иза, юьртарчу нехан беркате гlуллакхаш бахьана долуш делла долу. Йоlа шен тlехьийза кlант кIелхьаравоккхуш, гучуяьккхинчу чlабанан сий деш, lаламан цу ниlматах «Шовда-чlаба» аьлла, цlе тиллина юьртахоша. Хlинца а наха иштта цlе йоккху цуьнан.
Хlара шира дийцар дукха генарчу хенахь дуьйна схьадохьуш ду нохчаша, вовшашка дуьйцуш, тlекхуьучу тlаьхьенна довзуьйтуш.
Дайн хаза а, оьзда а гlиллакхаш кегийчарна хиъча, уьш цара, лар а деш, лелийча, нохчийн къоман яхь-оьздангалла а, сий-ларам а цкъа а бовр бац.
АРСАНУКАЕВ Муса