Кхелхинчу СВО-н декъашхочун Магомадов Русланан йоIе Доьналлин орден йелира

 

СВО зонехь болчу вайн махкахоша кхид1а а сийлахь г1уллакх до, шайн тоьлла аматаш гойтуш, т1еман декхарш масаллин кепехь кхочушдар лардеш. Цунна хьакъ долу совг1аташ ло царна.
Вайн г1алин администрацехь цуьнан куьйгалхочо Корголиев Корголис шен г1овсца Умаров Хайбуллаца а, Хасавюртан а, Новолакски а к1оштийн г1алин т1еман комиссарца Давудов Абакарца а, Леррина т1еман операцехь кхелхина волу Магомадов Русланна йо1ана майраллин Орден д1айелира.

 

Майраллин орден йелира Магомадов Русланна иза веллачул т1аьхьа Россин Федерацин Президентан Указаца.
Цуьнан йо1е вистхуьлуш, Корголиев Корголис тешийра Гамзатова Кавсарат массо а аг1ор оьшуш долу г1о-накъосталла дийр ду аьлла. Иза СВО-н декъашхойн доьзалшна 1уналла дар муниципалитетан хьалхарчу декхарех цхьаъ ду.
«Шайн синош д1а а луш, вайн маьрша стигал ларйинарш дага а лоьцу вай, ткъа х1инца хьалхарчу мог1аршкахь СВО-хь болчеран ойла а йо вай. Вайн декхар ду вайн турпалхойн гергарчарна цхьа а х1ума ца эшийта. Муниципалитетан аг1орехула тхан дан тарлуш долу г1о дан а, царна цхьа а х1ума ца эшийта а хьовсур ду тхо».
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля