Оханан беттан 25-чу дийнахь вайн г1алахь д1айаьхьира Лерринчу т1еман операцехь дакъалоцуш велла волу Адильбиев Гаджимурад дагалоцуш иэсан мероприяти. Иза ваьхначу урамна, сий деш, цуьнан ц1е а тиллина, цуьнан ц1ийнан т1ехь иэсан иэкъа а д1ах1оттийна.
Адильбиев Гаджимурад дешна 13-чу йуккъерчу ишколехь, х1инца 3-чу гимназехь. 2021-чу шарахь эскаре кхайкхира иза, ткъа 2022-чу шарахь, контракт а йина, Каспийски флотилин 177-чу къаьстина х1ордан полке д1ах1оьттира.
Дагестанан Республикин Куьйгалхочун 2022-чу шеран 16-чу ноябрехь динчу омраца, кегийрхой патриотически кхетош-кхиорехь дакъалацарна, Амет-Хан Султанан мидал йелла цунна.
Россин Федерацин Президентан 2023-чу шеран 9-чу августехь арадаьллачу Указаца Адильбиев Гаджимурад Адильгереевична йелла Доьналлин орден (веллачул т1аьхьа).
Вайн г1алин куьйгалхочун Корголиев Корголин ц1арах администрацин куьйгалхочун г1овса Умаров Хайбулла вистхилира гулбеллачаьрга:
«Гаджимурад санна болу к1ентий мел бу, вай тешна ду вайн кхерамзаллех. Цо шен са д1аделла Даймехкан дуьхьа, ткъа вайн массеран декхар ду цуьнан ц1е т1аьхьенийн иэсехь латтор», — ч1аг1дира цо.
Иштта гулбеллачаьрга вистхилира Хасавюрт г1алин а, Хасавюртан а, Новолакан к1оштийн а т1еман комиссар Давудов Абакар. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира, Адильбиев Гаджимурадан хьуьнар т1екхуьучу чкъурана доьналлин, сийлаллин масал хилар.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ