Цхьа бутт хьалха Аллах1ан лаамца, х1окху дуьненара д1акхелхира тхан жимах волу вешин к1ант Асруди. Шина баттахь цуьнан дахарехь къийсам латтийра лоьраша, духхьара Хасавюьртан г1алин йуккъерчу дарбан ц1ийнехь, цул т1аьхьа — Х1инжа-Г1аларчу РКБ-хь — Дагестанан клиникан дарбан ц1ийнехь хирургин декъехь (реанимацехь). Ши операци а йира цунна.
Халахеташ делахь, ишттачу цомгарца (онкологи) нах дукха ца беха. Доккха баркалла ала лаьара лоьрашна — дийнахь а, буса а цуьнан маьнги уллера ца бовлуш лаьттина болу. Шайн ницкъ кхочург дерриге а дира цара.
Ткъа кхин а ала лаьа суна. Оцу деношкахь Асруди волчу дийнахь мосуьйттазза бог1ура цуьнан ненан вежарий — лоьраш Салман а, Султан а , ненан вешин к1ант Тимур а. Уьш республикехь бевзаш болу лоьраш бу. Ишттачу хьолехь г1о оьшуш меттиг йу иза. Баркалла царна а!
Оцу массо а деношкахь тхан вежарийн бераш реанимацин не1 ларош лаьтташ бара. Цуьнан хьоле хьаьжжина, иза ган бакъо лора царна. Маржа я1, оханан беттан 3-чу сарахь Асруди д1акхелхира.
Билгалдаккха деза, йуьртан йуккъерчу маьждигехь х1ора п1ераскан ламазехь до1а дора, Веза-Сийлахьчуьнга Асруди товалар доьхуш. Ткьа иштта, шен ц1е йовзийта ца луучу цхьаммо, шена ахчанца Iумрате (Хьаьжц1а) стаг вахийтина, Асрудина хьажалла дихкийтира. Цо ша д1авахале, телефон а тоьхна Асрудига, цунна хьажалла дихкийта бакъо йаьккхира. Асрудис векал вина, иштта хьаж дина цо. Шолг1ачу дийнахь Асруди д1авелира.
Иштта, сихачу г1оьнан машено Махачкалара вешин к1ентан дакъа ц1акхачийначу буса, б1е сов жима к1ант гулвеллера сан вешин кертахь: тхан йуьртара доттаг1ий а, гергарнаш а, луларчу йарташкара а, г1алара а доттаг1ий а.
Цу буьйсана, тхуна т1е а баьхкина: «Ч1ог1а догц1ена а, комаьрша а, ламаз-марха а долуш, Делах а кхоьруш, бусалба стаг вара, шен дахарехь цкъа а цхьанна а вас ца йина, ур-аталла аз а айдина вацара Асруди!», — дог хьостуш дешнаш элира!
Нохчийн дуккха ламасташ а, г1иллакхаш а ду хьалха заманахь дуьйна лардеш схьадог1уш. Царех цхьаъ ду: йуьртахь стаг велча, уллехь бехачу лулахоша шайн не1арш схьайоьллу. Тезетехь лаьтташ берш а, иштта кхечу йарташкара а, г1аланашкара а баьхкинарш а цу х1усамашка чубаха йиш йолуш хилар, ламаз эца, дан, цу г1уллакхана долахоша чоьнаш кьастийна хилар а гойту оцу ламасто. Цул сов, кертахь цхьана ков-кертана к1ел стол х1оттайо цара — лаам болчунна чай мала йиш хилийта.
Хьалхара п1ераскан дийнахь гергарнаш кешнашка боьлхучу хенахь бен д1а а ца къовла кевнаш.
Ала деза, суна гира лулахой вайнехан 1адаташ мел ч1ог1а лардеш бу.
Дукха хан йу Москвахь вехаш, аьхкехь шен доьзалца ц1а а вог1уш, сан вешин кхо ц1а дехьа вехаш волу 83 шо долу Элибаев Юсуп. Цхьана к1ирнахь гергга тезетехь коьрте хиъна до1анаш деш лаьттира иза. Кест-кеста тезетара пхи-йалх стаг шен ц1а д1а а вуьгуш: чай мала а, ламаз дан а, иштта д1.кх. а. Юсупан ц1ийнананас Курсума даима латтош йара истоьла т1ехь чай а, копастийца а, картолаца а йина пирожкеш а, тайп-тайпана ч1епалгаш а, т1о а, нехча а, моз а. Дела реза хуьлда царна!
Баркалла ала луур дара Астемиров Султаннатезетехь лаьтташ болчу божаршна делкъан, пхьуьран а шен кертахь яъх1ума йаа аьтто хилийтарна. Иштта, Дела реза хуьлда Адилсолтанов Мурадан, Керимов Салвадин — цара ч1ог1а дика дакъалецира массо а кепара.
Берриге а Саиповг1еран доьзалан ц1арах баркалла массо а лулахошна а, йуьртахошна а! Аллах1а диканца бекхам бойла!
Соипов Iилмади