Вайн гIалахь Бараханов Арсланханан иэсан иэкъа схьайиллина

 

Х1окху беттан 4-чу дийнахь вайн г1алара №4 йолчу йуккъерчу ишколехь иэсан барам д1абаьхьира леррина т1еман операци д1ахьош велла волу воккха сержант Бараханов Арсланхан дагалоцуш. Цуьнан иэсан иэкъа а д1ах1оттийра.

 

Леррина т1еман операцин зонехь мел байинарш дагалоцуш, цхьана минотана тийналла а йолуш д1аболабелира и барам.
Хасавюьртан Куьйгалхочун Корголиев Корголин ц1арах церемонин декъашхошка вистхилира цуьнан заместитель Умаров Хайбулла.
«Бакъболу Турпалхой маьршачу хенахь гуш бац, амма кхерамечу м1аьргонехь цара хьанал кхочушдо шайн декхар, 1ожаллех ца кхоьруш. Бараханов Арсланхан Россин т1емало ву, цунах вайн пачхьалкхо доккха дозалла до», — ч1аг1дира цо.
Г1алин депутатийн гуламан председателан Умаханов Хаджимурадан ц1арах г1орторан а, баркаллин а дешнаш элира цуьнан г1оьнчас Магомадов Мирзас.
Иштта цигахь дакъалецира НР-н Халкъан Гуламан депутато Голоев Ризвана а, г1алин администрацин векалша а, депутаташа а, Йукъараллин палатин а, Къанойн Кхеташонан а декъашхоша а, ткъа иштта Турпалхочун гергарчара а, доттаг1аша а.
Т1амах лаьцна стихаш йешначул т1аьхьа иэсан иэкъа схьайелла бакъо йелира Умаров Хьайбуллана а, Арсланханан гергарчаьрна а.
Барам чекхболуш, гулбеллачара зезагаш дехкира, х1инца дуьйна ишкола чекхъйаьккхинчу стеган доьналла а, турпалалла а дагалоьцуш йолчу.
И ишкола чекхъйаьккхина Бараханов Арсланхана, шен бералла а, къоналла а цигахь д1айаьхьна. СВО зонехь велира цуьнан воккхах волу к1ант а. Цу шинна а беллачул т1ахьа йелира Доьналлин орденаш.
Т1екхуьучу чкъурана бакъйолчу патриотизман а, доьналлин а масал хилла д1ах1оьттина и иэсан иэкъа.

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля