Х1инжа-Г1алин №57 йолчу Суханов Алексейн ц1арахчу ишколан пенаш чохь схьайиллина СВО-н декъашхойн турпалаллана лерина дуьххьарлера школан музей, хаамбина «Цхьааллин Росси» партин пресс-г1уллакххоша.
Вайн т1емалойн доьналла а, майралла а гойтуш долу витринашкахь йу т1емалойн х1уманаш, техника, герз, кехаташ, суьрташ, пачхьалкхан а, ведомствон а совг1аташ. Ишколан директора АлибулатоваЗабида хьешашна музейхула экскурси йира, х1ора стендах а, шатайпачу экспонатех а, трофейх а лаьцна дуьйцуш.
Схьайоьллуш дакъалоцуш йара Суханов Алексейн йисина зуда Суханова Ирина шен к1антаца Романца цхьаьна, ткъа иштта кхечу СВО-н турпалхочун Васильев Михаилан йисина зуда Васильева Анастасия а.
Къаьсттина баркалла элира Россин Федерацин Пачхьалкхан Думан депутатана Бичаев Артемна, цуьнан г1оьнца музей схьайиллина. Парламентарис шен лаамехь эцна, саг1ийна йелла музейна кхузаманан барзакъ а, г1ирс а. Уьш мехала экспонаташ хилла д1ах1иттина, т1екхуьучу чкъурана Даймохк ларбархойн г1ирс гайта аьтто луш йолу.
Иштта музей кхоллар вайн декхар ду д1акхелхинчу турпалхошна а, т1ейог1учу т1аьхьенашна а хьалха. И меттиг лерина йеккъа цхьана экспонаташ латтош йолу меттиг хилла ца йаш, ишколера дешархошна шайна т1еозош йолу бакъйолу центр йу, цигахь СВО-н турпалхойн иэс д1адоьдуш хир ду, керлачу т1аьхьенашна иза Даймохк безаре дог доуьйтуш.
Къаьсттина мехала йу Каспий-х1ордан гвардино СВО зонера дехьайаьхна трофейш.
«Суна даггара баркалла ала лаьа вайн Каспийски х1ордан гвардина. Музей кхолларехь цара мах хадо йиш йоцчу г1оьнца а, СВО зонехь схьаэцна трофейш д1асайаржорца а гайтам боккъалла а шатайпа а, нийса а хилира», — билгалдаьккхира депутато.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ