Хьоме махкахой!
Оха даггара декъалдо шу т1едог1у дезчу деношца – 1арафат денца а, 1ийд аль-Удхьа (Г1урбанан) денца.
Вайн х1ара д1адоьдуш долу итт де деза даккхий денош лерина вайн динехь. Дала шайн дозаллах Къуръан чохь дуй биъна денош ду х1орш. Цу деношкахь йинчул йеза 1амал йац Далла гергахь. Цу деношкахь дина муьлхха дика х1ума мела хиларехь массийттаза алсам долу веза-воккха волчу Далла гергахь.
Оцу деношкахь чекхдолу уггар дезачу 1ибадатан – Хьаьждехкаран – коьрта г1уллакхаш. Оцу денойх итталг1а де – уггар деза 1ийдан де ду бусалба динехь. Оцу дийнахь бусалбанаша Дела воккхавоь, Цунна хастам бо Цо деллачу ни1маташна, дендо Ибрах1им-пайхамаран хаза суннат, ч1аг1йо вовший йукъахь вежараллин уьйраш, г1о до мискачарна, латтайо шайн х1усамашкахь токхо.
Х1окху йезачу хенахь вай доьху везчу Деле, И вазварца а, Цунна хастам барца, вай дерриге а Цо Шен къинхетамна чулацар, Цо вайн барт ч1аг1бар, Шен ни1маташкахь совдахар, вайн мохк а, вайн халкъ Цо питанех а, зуламех а, барт эг1арх а 1алашдар.
Дала йухадерзойла вайна х1ара денош, вай дерриг могуш-маьрша а долуш, вайн мохк зазадоккхуш а болуш!
Дезчу денца, хьоме махкахой!