Веллачу тIемалочун Алиев ИсмаьIалан доьзална «Доьналла дарна» мидал йелла

Леррина т1еман операци д1ахьош веллачу эскархочун Алиев Исмаь1алан доьзална пачхьалкхан совг1ат д1айелира оханан беттан 2-чу дийнахь Хасав-Юьртан администрацехь — «Доьналла дарна» мидал.

Г1алин куьйгалхочо Корголиев Корголис шен г1овсца Умаров Хайбуллаца а, Хасавюьртан а, Новолакан к1оштийн а т1еман комиссарца а цхьаьнакхетта, Турпалхочун йисинчу зудчуьнца а, церан йо1аца а цхьаьнакхийтира.
Корголиевс д1айелла веллачун йисинчу зудчуьнга Юсибова Жале, Алиев Исмаь1ална Россин Федерацин Президентан Указаца доьналла дарна а, т1еман декхар кхочушдарна тешаме хиларна а йелла йолу мидал.
Цул хьалха цунна йелира Доьналлин орден. Веллачу эскархочун ц1ийнанене вистхуьлуш, г1алин Куьйгалхочо тешийра, муниципалитето царна массо а аг1ор г1о-накъосталла дийр ду аьлла.
«Вайн г1алин исторехь а, Хасавюьртан бахархойн а, иштта йерриге а мехкан а дегнашкахь а лардархойн хьуьнарш гуттаренна а дуьсур ду», — билгалдаьккхира Корголиев Корголис.
бибулатова Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля