lабдуллахl Музайнат тайпанах а волуш, Делан Элчанан (Делера салам маршалла хуьлда цунна) накъостех (сахьабех) хилла ву (Дела реза хуьлда цунна). Дуьнено вуно чlогlа мохь биттира lабдуллахlе, амма оццул чlогlа шега цо беттачу маьхьаран аьзнех шен лергаш дlакъевлира сий долчу сахьаба. Эхартана тlевирзира иза, массо а агlор некъашца и сий долу, гуттар а хиндолу эхарт лоьхуш.
Нуьре йолчу Мадинатара араваьлла, Сийлахь йолчу Макка боьдучу некъан аьтто агlор «Джабаль аль-Ахдару асс-Суфухь» олуш, шен агlонаш баьццара а йолуш, лакхенаш хаза а йолуш, lиндагlаш даккхий а долуш лам бара. Иштта «Варкъан» олий цlе а йоккху оцу ломан. Оцу ламчохь дехаш дара Музайнат олуш долчу тайпанах цхьа гар.
Джабаль аль-Ахдару ломахь, Мадината йолчу агlор цхьана боьрахь Музайнат тайпанах волчу lабду Нахlманан кlант дуьненчу ваьлла, lабдуллахl lузза шен цlе а йолуш, къечу, гlийлачу доьзалехь. И доьзалхо дуьненчу валар Сийлахь йолчу Маккийчохь нур даржа герга хилла хан йара, Делан Элчане (Делера салам маршалла хуьлда цунна) пайхамаралла доссале. lабду Нахlман воl дуьненчу ваьлла дукха хан йалале дlакхелхира, кlант (lабдуллахl) кога а вахале.
Оцу берана тlехь цхьа барт а хилла чlагlйелира къелла а, байлахь висар а. Амма, буо висинчу жимчу lабдуллахlан деваша вара, дика хьал долуш, шен дахаран паргlатонехь. Шен доьзалхо а вацара оцу девешин, шен даьхнех ирс эца. Ваша дlакхелхинчул тlаьхьа, шен вешин кlанте безам бахана, тlаьхьалонна а долуш, кlант вина тlелецира lабдуллахl девашас. Оцу беркатечу, исбаьхьчу, сенналлех буьзначу баьццарчу ломо шен цlаналлех цlеналла а, беркатах беркат а, кlеда-мерзалла а йелира жимчу кlанте. Долчу беркатца шен синхаам, дегахаам, синкхетам лакхара болуш кхиира жима lабдуллахl, шен кхоллам цlена а болуш. Оцу бахьанашца кхин а сов белира девешин безам кlанте.
Кlант сиха кхиира девешин кертахь, амма цунна хlинца а хезна дацара, Мухьаммад пайхамара (Делера салам маршалла хуьлда цунна) кхайкхош долчу керлачу динах лаьцна а, йа шех пайхамарх а, Маккахь а, Мадинатахь а лелачу балхах а. Цуьнга и хаам ца кхочуш йехха хан дlайахара, шен нуьре, беркате долчу ислам динца Йасриб (Мадинат) шахьара къаггалц. Делан Элча (Делера салам маршалла хуьлда цунна) хlижрат а дина Йасрибе веана, и шахьара ислам динах йуьзна, беркат шена чуьра совдийла доладелча, оцу беркатах беркатан нур, хьожа, чам герга гlоьртинера lабдуллахlана. Тlаккха иза волавелира оцу белхан таллам бан, ладегlа, хьал довза. Хийлазза дийно сарралц де доккхура жимчу lабдуллахlа шайн ламчуьра Мадината боьдучу новкъа йисте а волий, оцу шахьара дlабоьлхучаьрга а, цигара йуха богlучаьрга а хеттарш дархьама. Гуттар чlогlа саьхьар а, сутар а волуш хоьттура цо хlоранга а, оцу керлачу динах а, и дин лелочех а, даржочех а, цунна коьртехь волчу Мухьаммад пайхамарах (Делера салам маршалла хуьлда цунна) лаьцна. Иштта хеттарш деш хан йаьхьира lабдуллахlа, шен цlена хилла болу кийра бусалба дин тlелаца кечбаллалц, цуьнан цlена хилла долу дог Дала ийманан нуьрана дlаделлалц. Цул тlаьхьа цо шахlадат а далийра, кхоьллина, кхобуш волу Аллахl воцург кхин Дела ма вац, Мухьаммад Делан Элча ву аьлла.
lабдуллахlа бусалба дин, дин-ислам тlелецира шен коьртан бlаьргашна Мухьаммад пайхамар (Делера салам маршалла хуьлда цунна) гале, шен лергашна Делан Элчанан къамелаш шеггара хаза а хезна, царах ирс, ниlмат эцале хьалха. Оцу Варкъан ломахь уггаре а хьалха ийман диллинарг а хилира lабдуллахl.
Музайнат тайпанах волчу жимчу кlанта lабдуллахlа ша бусалба дин тlелаьцна хилар хьулдира дерриге а шен тайпанах а, къаьсттина шен девешех а. Геннахь йолчу боьранашка, хьехашка воьдура иза сийлахь волчу Аллахl-Далла lибадат дан, хьуламехь, адамана а ца гучу валархьама.
Синош а дохуш, боккхачу лаамца, шовкъаца хьоьжуш lара иза, шен девашас бусалба дин тlе маца лоцур ду-те бохуш. Цо дин тlе лаьцча, шегара хьал, бусалба динехь ша хилар а гучадаккха шена некъ маьрша баккхархьама. Шен девешех накъост а хилла, цуьнца цхьаьна Делан Элчанна (Делера салам маршалла хуьлда цунна) тlевахаран дуьхьа а долуш. Иштта хан йаьхьира цо генна дlа, гурано лоцу экха санна, ислам дино а, Элчанан (Делера салам маршалла хуьлда цунна) беркато а шен дог схьалаццалц.
Цхьана дийнахь шен дин лечкъош долу собар кхачийра цуьнан. Шен деваша бусалба дин тlелаца генахь вуй шена хиъча, Элчанца (Делера салам маршалла хуьлда цунна) цхьаьна гlазоташка вахар, цуьнгара ирс эцар хlора денна шен карара дуьйлуш дуйла хиъча, шен дагчохь сацам бира жимчу lабдуллахlа, ша дан йуьхьарлаьцначун тlаьхьало шена муха хир йу а хууш. Цул тlаьхьа шен девешина тlе а вахана цо элира:
— Хlай сан деваша, ахь бусалба дин тlелоцур дац-те бохуш, догдохуш, сатуьйсуш дукха lий со, сайн дерриге а собар кхачадаллалц. Нагахь санна хьо безам болуш велахь бусалба дин тlелаца, декъалхилар Дала хьайна йаздан лууш а хьо велахь, ма чlогlа дика хlума хир дара и ахь дича. Амма хьан лаам кхечу кепара балахь, ахь суна бакъо лохьа, ас бусалба бин тlелаьцна хилар, иза нахана йуккъехь дlакхайкхадан а, гучадаккха а.
Оцу жимчу кlентан дешнаш шен лере ма-кхаьччи, оьгlазлонах вуьзира иза. Девашас элира:
— Латlций, lуззаций дуй буу ас, нагахь санна ахь и бусалба дин тlелацахь, айса хьуна мел делларг дерриге а схьадоккхур ма ду ас, къоьллина хьо дlа а тосур ма ву. Хьаштанна а, мацаллина а кlел тесна вуьтур ма ву хьо.
Амма, девашас тесначу кхерамо lабдуллахlан дог йуха ца даьккхира. Жимма а шен ойланах мал ца велира иза, мел ша жима велахь а.
Тlаккха цуьнан девашас шен вешин кlант жlарашка йуха верзо гlерташ, шен тайпанера гlо лехира. Цуьнан тайпанах болу нах тlебирзира цунна, цкъа кхерамаш туьйсуш, хаза дуьйцуш, шайн харцонна тlеверзо гlерташ.
КIанта царна жоп лора:
— Шайна луург де аш, вай кхоьллинчу Делаца чIагIо йеш боху, Делан Элчанна (Делера салам маршалла хуьлийла цунна) тIаьхьавозуш ву, тIулгашна Iибадат дар дитина а ву. Берриге а ницкъан да волчу, цхьаъ волчу АллахI-Далла Iибадат дарна тIевирзина а ву со. Сан девашас а, аш а шайна луург дойла, шуна гIоли-м шаьш кхоьллинчу, цхьаъ волчу АллахI-Далла тIедерзар дара, цхьана а хIуманна пайде йоцу тIулгах йина йолу и ж1араш а йитина.
ТIех оьгIазваханчу девашас, вешин кIант ислам динах йухаваккха ша гIорасиз хилча, дерриге а ша цунна мел деллачу «диканах цIанвира» иза, цхьа а тилоран тай ца дуьтуш: йуучух, молучух, йерриге а шен комаьршонах хадийра. IабдуллахIан шен дегI дIахьулдаллал цхьана шогачу кIадех дакъа бен ца дитира дегIа тIехь.
Девашас беркъа ваьккхина, шен хIусамера аратесна жима IабдуллахI новкъа велира шен сино а, дегIо а хаьржина волчу Делан Элчанна (Делера салам маршалла хуьлда цунна) тIе хIижрат дан, шен бераллин, дагалецамийн хIусамаш, майданаш Iад а йитина. Цо хаьржира ша кхоьллина волу, цхьаъ волу АллахI-Дела а, Цуьнан сийлахь Элча а (Делера салам маршалла хуьлда цунна), дуьненал а, дуьненан бахамал а, дег1ана а, синна а хетарехь йолчу марзонал, паргIатонал а коьрта. Берргие а бахамах, ниIматах букъ а тоьхна, Мадината боьдучу новкъа велира иза, Делан сийлахьчу йоле а, Цуьнан хазачу бекхаме а дог дохуш. ХIора ша йоккху гIулч кхин тIеттIа сихйеш волавелира иза Мадинат йолчу агIор, шовкъаш тIаьхь-тIаьхьа сов йуьйлуш, некъан хало а ца хаалуш. Мадината ша герга хилча, шен дегIах хьарчийна долу и шога кIади шина декъе декъа а декъна, цхьа дакъа дегIан лахарчу а, шолгIа дакъа лакхахь а тIехьарчийра IабдуллахIа, ихьрам хьарчочу кепехь.
Ша воьддушехь Делан Элчанан (Делера салам маршалла хуьлда цунна) маьждиге вахара иза. И буьйса оцу маьждигехь йаьккхира IабдуллахIа. Iуьйранна сатосу хан хуьлучу хенахь, Делан Элчанан (Делера салам маршалла хуьлда цунна) хIусаман неIаре дIахIоьттира и, Делан пайхамар (Делера салам маршалла хуьлда цунна) аравала ларвеш, даккхий синош а дохуш, шовкъе а волуш шена иза гаре, иза шен бIаьргашна гур вац-те бохуш, сатуьйсуш. Араволучу Делан Элчанах (Делера салам маршалла хуьлда цунна) шен бIаьрг ма-кхетта, хазахетар сов даьлла, кIентан беснеш тIехула охьа хьаьвдира бIаьрхиш. IабдуллахIана хаалора, дог шен кийрара араэккха санна детталуш, Делан Элчане (Делера салам маршалла хуьлда цунна) маршалла хатта а, цуьнга салам дала а тIех шовкъе волуш.
Iуьйра ламаз дина бевлча, Делан Элча (Делера салам маршалла хуьлда цунна) хьалагIаьттира, шен Iадатехь ма-хиллара, нехан йаххьашна тIевирзира иза. Оцу заманахь цунна гира шайна йуккъехь вевзаш воцу кIант. Делан Элчано (Делера салам маршалла хуьлда цунна) хаьттира цуьнга:
— ХIай кIант, хьо мила ву, муьлхачу тайпанах ву?
Шайн тайпа дийцира IабдуллахIа.
— ЦIе хIун йу хьан? – хаьттира цуьнга Делан Элчано (Делера салам маршалла хуьлда цунна).
— «Iабдул Iузза» йу, элира цо. «Iузза» цIе йолчу «делан» лай боху маьIна дара иза.
Делан Элчано (Делера салам маршалла хуьлда цунна) элира:
— ХIан-хIан, хьо IабдуллахI ву!
ТIаккха цунна герга а вахана Делан Элчано (Делера салам маршалла хуьлда цунна) элира:
— Тхуна йуххехь саца, даима а тхан накъост хилий уллохь Iе.
Оцу дийнахь дуьйна наха IабдуллахI аьлла йоккхура кIентан цIе. Амма сийлахь болчу асхьабаша кхин цхьа цIе а тиллинера цунна, «Зуль Бижадайн» аьлла. И цIе кIантана тиллар бахьана дара, цо дегIах хьарчийна долу кIадин ши дакъа шайна гича. Шайна цунах лаьцна долу хабар хиъча, оццул бахамехь девашас хьолехь, ниIматехь сов ваьккхина охьа хаийна волчу, дин ислам тIелацар бахьана долуш, массо ниIматах а ваьккхина, веана хилар Мадината, дегIах ши тIелхаг а хьарчийна. «Шина тIелхаган да» бохург хилла церан «Зуль Бижадайн». Цул тIаьхьа асхьабийн дийцаршкахь «Зуль Бижадайн» аьлла дIайахана цуьнан цIе.
Амма, Зуль Бижадайн мел ирсе хилла аьлча, Ша Мадината а кхаьчна, Делан Элча (Делера салам маршалла хуьлда цунна) шена вевзичахьана, цуьнан мажлисашка хуьйшуш, цунна тIаьхьа хIоьттина ламазаш деш, цуьнан дарсех, нийсонах, хьехамех пайда а оьцуш, цуьнан са йина вер а вацара. Дуьнено мохь биттира цуьнга, амма оцу дуьненан аьзнех шен лергаш къора дира цо, амма эхартана тIевирзира иза, и лохуш массо некъашца. И сийлахь долу эхарт лехира цо, узамашца шен доIанаш деш, Деле доьхуш, Иза дагахь а волуш, Цунах кхера а кхоьруш. Иштта цо Деле дукха доIанаш дар бахьана долуш, асхьабаша кхин цхьа цIе тиллира цунна «Аль АввахI» аьлла. «Далла тIевирзинарг», «Деле дукха доьхуш верг» аьлла гIаравелира IабдуллахI Зуль Бижадайн. Цу кепара IабдуллахIа эхарт лехира сийлахь долу Къуръан дешарца. Саццаза Делан Элчанан (Делера салам маршалла хуьлда цунна) маьждиган йистош хазйора IабдуллахIа сийлахь Делан Калам Къуръан дешарца, цу тIерчу айатийн IатIаршца. Иштта эхарт лехира IабдуллахIа гIазот дарца а, цхьа а гIазот шен карара ца долуьйтура цо, Делан Элчано (Делера салам маршалла хуьлда цунна) мел деш долу.
Табук гIазотехь волчу хенахь Делан Элчанца (Делера салам маршалла хуьлда цунна) дехар дира IабдуллахIа, шена гIазот доьхуш Деле доIа дехьа, аьлла.
— ХIай Везан Дела, хIокху IабдуллахIан дегI, кхуьнан цIий кераста нехан таррех ларде Ахь, аьлла доIа дира Делан Элчано (Делера салам маршалла хуьлда цунна).
IабдуллахIа Зуль Бижадайна элира:
— Сан да-нана махина хуьлийла хьуна, хIай Дела Элча! И ма дацара суна луург, ас хьоьга бохург а.
Делан Элчано (Делера салам маршалла хуьлда цунна) элира цуьнга:
— Делан некъехь гIазотехь хьо араваьлла а волуш, оцу некъахь цомгаш а хилла, йа хьо тIехиина волчу говро къаьхкина хьо охьатохахь, иштта долчу бахьанех хьан валар нислахь, тIаккха а хьо гIазот хуьлуш ву хьуна.
Делан Элчано (Делера салам маршалла хуьлда цунна) цуьнга и къамел динчул тIаьхьа, цхьа де-буьйса бен ца делира, IабдуллахI Зуль Бижадайн дагар а хилла, оцу дагарх дIакхелхира. Иза велира Деле хIижрат а дина, Делан некъахь гIазот деш а волуш, шен охIланна а, тайпанна а, цIенна а генахь а волуш. Амма, оцу дерригенна а духьал Дала цунна бира Шен сийлахь бекхам.
Сийлахь болчу асхьабаша каш даьккхира цунна, шайн сийлахьчу, цIенчу куьйгашца. Зуль Бижадайн коша чувоьссира сийлахь волу Делан Элча (Делера салам маршалла хуьлда цунна), цуьнан лахьта шен куьйгашца шардеш нисдира цо, шен сийлахьчу куьйгашца. IабдуллахI Зуль Бижадайн коша чукховдийра сий долчу асхьабаша Абубакар Сиддикъа а, ХаттIабан воIа Iумара а (Дела реза хуьлда царна массарна а). Цаьршингара схьа а эцна, шен куьйгашца нисдинчу лахьтичу охьа виллира Делан Элчано (Делера салам маршалла хуьлда цунна) сий долу IабдуллахI Зуль Бижадайн (Дела реза хуьлда цунна).
Делан Элчано (Делера салам маршалла хуьлда цунна) иза коша чохь нисвечу хенахь, тIехьа дIахIоьттина Iаш вара сийлахьчу асхьабех волу МасIуда воI IабдуллахI (Дела реза хуьлда цунна). Цо элира:
— Дависа, хIокху кошахь верг со велара. ВаллахIи со дог дохуш ма вара, тахана хIокху Зуль Бижадайнан меттана со хиларе, аьлла. Кхул пхийтта шо хьалха ийман диллина а ма вара со, хIетте тахана кхуьнга дог дохучу хьоле вели-кх со.
Муртузов Имама
дуьйцуш дlайаздина
Идрисов Ислама