Дагестанан Правительствон Председатела Абдулмуслимов Абдулмуслима цхьаьнакхетар д1адаьхьира «Дагестан» издательствон куьйгалхочуьнца Гаджиев Умаросманца а, «Истина» газетан коьртачу редакторан заместительца Ильясов Зикруллица а.
Цара дийцаре дира, Толаман шарна лерина керла 1аматаш йазйар. Гаджиев Умаросмана элира, дагестанхошаха лаьцна керла жайна арахоьцур ду аьлла.
«Х1окху шарна лерина проектаца цхьаьна дог1уш, вай д1ахьош дуккха а белхаш бу. Масийтта жайна ду арахеца кечдеш. Царна т1ехь йаздийр ду т1аьххьарчу б1ешарахь т1емашкахь турпалла гайтинчу вайн махкахошаха лаьцна — Сийлахь Боккха т1ом, афгански т1ом, леррина т1еман операци.
Иштта, 1941-1945-чу шерашкахь литературехь хилла кхиамаш а хир бу оцу 1аматийн аг1онашкахь. Ткъа тахана д1ахьош йолучу леррина операцехь дакъалоцуш болучарах лаьцна, арахеца кечйеш йу кхойтта 1амат», — билгалдира Гаджиева.
Абдулмуслимов Абдулмуслима дийцира, турпалхойн иэс лардар вайн декхар ду аьлла.
«Толаман шо билгалдаран гурашкахь, вайн махкахь арахоьцур йу 25 гергга 1амат. Иштта лаккхара тидам т1ебахийтина, и тайпа белхаш Дагестанехь цкъа а бина бац. Вай кхин д1а а жигара къахьоьгур ду турпалхойн иэс лардарехь», — т1еч1аг1дира Правительствон Председатела.
Цхьаьнакхетар д1адерзийра, билгалбаьхна белхаш кхоччуш барамехь чекхбохур бу, аьлла.
БАЙМУРАДОВ Мовсар