Бераша вайн дахарехь йовхо ло…

Х1ора шарахь чиллан беттан 15-чохь дуьненан дуккха а пачхьалкхашкахь даздо берийн онкологин де. И де кхайкхина 2001-чу шарахь Дуьненайукъара онкологи йолчу жима нехан дай-нанойн конфедерацин г1оьнца.

И де — деккъа цхьа терахь дац, иза уггаре а къизачу мостаг1ех цхьаъ — ракца къийсам латточу кегийчу турпалхошна тидам т1ебахийта кхайкхам бу.
Тахана ч1ог1а лаьа оцу цамгарца къийсам латточу массо а берашна а, церан ц1ерачаьрна а, могашаллин белхахошна а вайн лерам бовзийта.
Берашна сирлачу кханене аьтто луш долчу тоьллачу дарбанан а, г1оьналлин а къийсам д1абахьар мел мехала ду.
Цу дийнахь вай дуьйцу, цамгарх лаьцна хилла ца 1аш, цомгуш долчу берашна вай дан мегаш долчу г1орторах а, безамах а. Мел доккха х1ума ду уьш дикачух тешар латто г1о дар.
Таханлера адамийн йукъахь болу и бала, халахеташ делахь а, алсамболуш бу. Медицинан хаамаша гайтарехь, х1ора шарахь дуьненахь 300 эзар гергга берана рак кхета, царех ах берш леш бу…
Бераш дахаран зезагаш ду, цара вайн йоккха йовхо ло. Ткъа муьлхха а да-нана кийча ду шен бер цомгуш ца хилийта, ирсе дахар хилийта, шен ницкъ кхочу а, ницкъ боцург а дан. Амма оцу цамгаро дег1ан таронаш эшайо. Иштта цомгуш бер хилча, хаддаза дог лозу, иза лан ца ло…
Т1аьхьарчу хенахь вайна кест-кеста го йуккъерчу телевиденин каналашкахь чолхе операцеш йан йа и вуон диагноз йолчу цомгушчу берашна деза дарба дан ахчанца г1о оьшу бохуш, хаамаш а, дехарш а. Берийн суьрташ а гойту цара. И цомгуш долу кегий маликаш гича, дог доьлху. Ткъа и г1о шен хеннахь ца дахь, бераш дала тарло.
Иштта вайна хаьа, цхьадолчу хьолашкахь и г1о деш хилар. Цамгар йуха а йоьду, бераш толо. Амма, и ахчанаш мог1арерчу бахархошкара дог1у, шаьш а к1езиг алапа оьцуш болчу…
Халахета, 1аламан ресурсаш инзаре дукха йолчу пачхьалкхехь дерриг а дуьне кегийчу цомгашчу берашна дарба дан шай-кай гулъйан декхаре хилар.
Цхьаболчара, б1аьрг а ца тухуш, шортта ахча д1асакхуьйсу, йу-бохху брендан т1оьрмиг, йа инзаре дуккха мах боккхуш йолу мачаш оьцуш, ткъа х1ора дийнахь цхьаъ-шиъ бер леш ду, оцу цамгаран дохка ахча доцуш…
Шортта ахча долчу наха йерриг а футболан тобанаш оьцу, цхьацца ловзархошна миллионашкахь долларш ло, цу т1ехь цхьа а пайда бацахь а… Амма кхузахь г1уллакх хьакхалуш ду стеган дахарх…
Цхьа а хьал долу стаго цу цомгашчу берашна г1о дина, аьлла, башха ца хезна суна-м. Телевизоре ца хьоьжу-те уьш, газеташ ца доьшу-те цара? Царна ца го шайна уллехь стаг муха къахьоьгуш, леш ву?
Ас бохург-м цаьрца гамо хилар дац: иштта таронаш хилча, г1о дан ца мега «олигархашна» оцу жимачу пекъаршна?
Церан дахар к1елхьара даккхарал сийлахь, адамалла йолуш кхин х1ун хир ду?..
Бераллехь ракца къийсам латторан билгало йу дашо лента, цо гойту цу цамгарца къийсам латтор мел доккха хьуьнар ду.
Дуьненан массо а бераш могаш-маьрша хуьлийла, цхьа а да-нана шен цомгушчу беран б1аьргаш чу хьежа ца дезаш…
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля