Меликов Сергейн Москвахь Президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетаран жам1аш довзуьйтуш, Дагестанерчу шуьйрачу хаамийн г1ирсийн белхахоша интервью д1айаьхьира. Дагадоуьйту, церан цхьаьнакхетар к1ира хьалха хилира – кхолламан 29-чохь.
Туризман т1ера д1а, токаца долу хьола т1е кхаччалца, массо а аг1орехула бина болу а, бан лерина а белхаш бовзийтира цо.
Шен къамел д1адолош, регионан куьйгалхочо баркал кхайкхира Президентана, шеран йуьххьехь цо ша т1е лацарна а. Бакъдолуш, шеран хьалхарчу батташкахь долийна г1уллакх дика чаккхе йолуш хуьлу.
«Аса Президенте ма-барра бовзийтира вайн кхиамаш. Церан йукъахь, цуьнан омраца а, кьоман проекташца кхочуш бинарш а, иштта кхин долу беркате г1уллакахаш а».
2021-чу шарахь дуьйна дуккха йаккхий проекташ кхочушйина Дагестанехь — промышленность а, йуртбахаман хьокъехь а. Церан йукъахь Путина Владимира билгалйаьккхина кемсаш кхиоран проект а.
«Лаамза дацара Россиян куьйгалхочо цуьнах лаьцна алар. Кемсаш лело билгалйаьккхина меттиг дукха йацахь а, цуьнах оьцуш болу пайда алссам бу. И бахьанехь, йерриге а пачхьалкхехь вайн регионо хьалхара меттиг баьккхина кемсаш лахьорехь».
Вайн республикин коьртачерах анпал йу энергосистема. Х1унда аьлча, токаца дерг халачу хьолехь ду. Цуьнах лаьцна а хьахийра Меликов Сергейс.
«Ма-дарра аьлча, со реза вац оцу хьокъехь т1ех1оьттиначу хьолана. Энергосистемехь масийтта анпал йу вайн. Ткъалг1ачу б1ешарахь йина йолу электростанцеш таханлера денна лерина йац. Оцу хенахь йерриге республикина йезаш хилла йолу токан киловатт х1инца масийттаза хьала йаьлла. Ткъа иттанашкахь шерашкахь цуьнца йоьзна лаьттина йолу оборудовани тишйелла. Цул совнаха, вайн бахархойн терахь а ду лакхадолуш лаьтташ. Иза хаза кхаъ бу. Делахь, х1окху аг1орехула ойла йича, иза цхьа анпал хуьлий д1ах1утту».
Шен интервьюхь регионан куьйгалхочо спортан объекташ йаран хьал довзийтира. Массо а дуьненахь хууш ду, Дагестанехь спорт, къаьсттина, парг1ат охьатохар, лаккхарчу т1ег1анехь йуйла. Ткъа т1аьхьарчу шерашкахь кегийрхойн футбол а йу т1е тидам бахийтина.
«Вайн массеран а лаам бу тахана регионехь спортан муьлхха а аг1орехула баккхий кхиамаш хилийта. Делахь, оьшучу барамехь г1ирс ца хилча йа спортхошна аьтто ца бича, лакхара кхиамашка хьежар эрна ду. Футбол, баскетбол, волейбол, спортивни латар иштта, д1а кхин а, и йерриге а аг1онаш цхьатерра къахьоьгуш, хьалайаха йезаш йу. Т1екхуьучу чкъоранна масийтта пайда хуьлу цуьнах, шайна йукъахь Дагестан а, йерриге Росси а дикачу аг1орехула гайтар а долуш».
Республика социальни-экономически аг1ор кхиамаш бохуш йу. Т1аьхьарчу шерашкахь цкъа а ца гиначу кепара йеш объекташ йу – ишколаш, больницаш, некъаш, паркаш. И болх иштта лакхарчу т1ег1анехь д1абахьаран хьокъехь дийцира С. Меликовс.
«Ала дог1у, х1окху масийтта шарахь вай дикка белхаш бина. Ца бина ала йиш йац. Мел йаккхий халонаш вайна т1е 1иттайаларах, дан лучу кепара г1о а деш социальни объекташ чекхйолуш йу вай. Дуьххьра коронавирус бахьанехь пандемия йолуш халонаш йара. Цул т1аьхьа Леррина Т1еман операции йолайелла, ахчанца халонаш йара. Цул совнаха, дукхаха йолучу пачхьалкхаша санкцеш т1е йохкуш, хала ма-безза белхаш д1абахьа аьттонаш хуьлуьйташ бацара. Кхузахь ала дог1у, дерриге а къаьмнаш цхьатерра Россина сахьйзаш хилар бахьана долуш, ткъа церан йукъахь дагестанхой а, вайна аьтто белира йолийна йолу объекташ чекхйаха. Бакъду, уьш чекхйаьхна ца 1аш, вай долчохь кхин а керла объекташ а йу вай д1айолийна. Кху шарахь, со тешна ву, и болх лаккхарчу т1ег1анехь д1ахьур бу вай».
Керла шо доладелчахьана, цхьайолу неофициальни хаамийн г1ирсашкахь керланаш дара, Дагестанан куьйгалхо хуьйцуш ву, бохуш. Цуьнах лаьцна шена хетарг довзийтира Меликов Сергейс.
«Адамаш забаре хилар суна гуттара а хаза хеташ ду. Мог1арера бахархой ч1ог1а самукъане бу вайн республикехь. Иза дика а ду. КВН а, иштта кхин йолу забаре программаш а вайн декъашхой боцуш йан а йац. Суна схьахетарехь, иштта, забаре наха йукъадаьхна хабарш ду уьш. Аса а иштта забарца т1е оьцу иза. Массо а стаг шен лаамехь ма ву, ала а, дийца а. Х1етте а, шайна хетарг бакъ а дина, нахана харц дерг дийца а мегар дац. Цуьнах зулам хила тарло».
Президентаца Путин Владимирца шен хилла цхьаьнакхетарехь дукхахьолахь стенна т1е тидам бахийтира, аьлла, довзийтира Дагестанан куьйгалхочо.
«Аса цкъа хьалха вайн республикера хьал довзийтира цуьнга. Цул т1аьхьа цо соьга элира, йолуш йолу анпалш йовзийта, аьлла. Царех х1оранах аса кечдина кехат дара. Президенто уьш дерриге а тидаме дихкира. Цул т1аьхьа оха дийцаре дира Леррина Т1еман операцех лаьцна. Цуьнца цхьаьна дог1уш, вайн махкахь йан лерина реабелитационни центр. Иштта, Керимов Сулеймана Россин бахархой хьадж дахка бахийтар а дийцира оха. Президенто дезаш т1еийцира и хаам. Оьшучу кепара, федеральни т1ег1анехь г1о хир ду аьлла, ч1аг1о а йира».
Хууш ма-хиллара, Президентаца хиллачу цхьаьнакхетаран жам1ашца доьзна, С. Меликовн омра хир ду меттигерчу 1едалан белхахошка. Цуьнах лаьцна а довзийтира цо.
«Оцу балха т1ехь цхьа а лачкъо х1ума дац. Х1унда аьлча, и берриге а болх профильни ведомствошца бина бу. И дерриге а кехаташ а специалисташца цхьан кечдина ду. Цул совнаха, цхьацца долу хаттарш федеральни центраца а дийцаре деш долу беттанашкахь хан йу. Оцу хьокъехь аса цхьацца декхарш т1едохкур Правительствон белхахошна, оьшучаьрца массаьрца а з1ене а довлуш, Президенто бакъйина, къобалйина йолу программа кхоччуш барамехь чекхйаккха», — аьлла, журналисташца цхьаьнакхетар д1адерзира Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс.
БАЙМУРАДОВ Мовсар