Оршот дийнахь Меликов Сергейс кост дира дагестанхошка. Иза лерина дара 1944-чу шарахь, Сийлахь Боккха т1ом болучу хенахь, Ленинград г1ала парг1атйаккхарна.
«Хууш ма-хиллара, оцу буьрса т1амехь дуккха а халонаш гина. 1944-чу шеран кхолламан 27-чохь хилла и хаза кхаъ. Исс б1е гергга дийнахь фашисташа гуо бина, сурсаташ чоьхьа даха йиш йоцуш, къизалла хьегна меттигерчу бахархоша. Мацаллина дан х1ума доцуш, дуккха а нах белла. Амма, кхолламан 27-чохь мостаг1 эккхийна, г1ала парг1атйаьккхина советийн салташа.
Атта хилла дац. Эзар эзаршкахь нах кхелхина и маршо йаккха 1алашо йолуш. Оцу г1алахь бехаш болчара гайтинарг ма-йарра турпалла йу. Шайн мохк безий а, къар лур доций а хаийтина цара. Йисинчу Армин цхьа а аьтто ца хилла царна г1о дан. Меттигера бахархой, ткъа царах дукхахаберш зударий а, бераш а, бакхий нах а бара, хилла дерриге а белхаш деш, шайна йукъахь заводашкахь а, фабрикехь а. Де-буьйса а доцуш, шийла хиларах йа йовха, цхьана а денна белхаш сацийна бацара. Цул совнаха, х1ора денна бохург санна, т1ейетташ бомбанаш, артобстрелаш йара. Амма, меттигерчу бахархойн турпалла а, Даймахке безам а лакхара хилира.
Коьртачерах ду, историн иштта йолу кийсакаш йевзаш хилар а, уьш йиц ца йар а, т1екхуьучу чкъорана йовзийтар а. Х1унда аьлча, иза цхьа латам хилла 1аш бац. Иза – эзарнашкахь белла нах, йохийна г1ала, вохийна мостаг1, иштта кхин д1а а ду.
Даггара баркалла ду оцу г1уллакхехь дакъа мел лаьцначарна. Ткъа церан йукъахь, хууш ма-хиллара, дуккха а дагестанхой а хилла. Меттигерачу бахархошна сурсаташ кхоьхьуш, мостаг1чунна дуьхьала т1ом беш, лазийнарш та беш, иштта кхин д1а а. Вайна гуттара а дагахь бу уьш.
Дала кхин ма-гойтийла вайна иштта денош, т1емаш, латамаш!», — д1адерзийра шен кост Дагестанан Куьйгалхочо Меликов Сергейс.