СКФО-н регионашкахь законанаца цхьана дог1уш доцучу кепара электронни ахча даккхаран дуьхьалло йаран лерина кхеташо д1айаьхьира Президентан Полпреда Чайка Юрийс. Цигахь дакъалецира Дагестанан Премьера Абдулмуслимов Абдулмуслима.
Кхузахь иштта дакъалоцуш бара йисинчу регионашкара куьйгалхой а, профильни министерствойн а, иштта кхин йолу структурийн а векалш. Кхеташо д1айаьхьира видеоконференции з1енехула. Цхьаьнакхетар д1адолош, Чайка Юрийс элира, криптовалюта лелор гуттаренна а дац законаца дог1уш аьлла.
«Т1аьхьарчу шерашкахь шуьйра даьржина вайн бахархоша электронни ахчанах пайда эцар. Вайна хууш ду, дукхаха болчара йала ма-йезза налог а ца луш лелош йу иза. Цул совнаха, террористически организацеш а хила тарло оцунах пайда оьцуш. Ткъа иза иштта делахь, цунна дуьхьалло йан йеза. Кху шарахь дуьйна, Ставропольски край йоцуриг, Къилбаседа Кавказан йисинчу регионашкахь лело магийна йац майнингаш», — билгалдира Полпреда.
Оцу аг1орехула Дагестанехь бечу балхах лаьцна довзийтира Абдулмуслимов Абдулмуслима.
«Масийтта шо ду Дагестанехь электроэнергин хьашталла лакхайолуш лаьтташ йолу. Иза дика ду. Х1унда аьлча, лакхадолуш лаььташ ду туристаш т1елацаран а, инвестиционни проекташ кхочушйаран а хьелаш. Бакъду, цаьрца цхьана ток лелор т1екхеташ ду майнинг аг1орехула а.
Энергосистемана ницкъ хуьлу цуьнах. Тишйелла йу линеш. Ткъа цара ток д1аозор бахьана долуш, технологически авареш хуьлу. Иштта долу кхачамбацарш духатоха д1адолийна белхаш ду. Чекхдаьллачу шарахь оцу хьокъехь дуккха а къахьегна. Региональни энергосистемин белхалоша а, нуьцкъаллин структураша а бинчу белхийн жам1ашца, гучуйаьлла 38 майнинг-ферма. Царах х1ора а законаца дог1учу кепара г1уда тухуш д1айаьккхина. И нах бахархошна зулам дарах бухабаьхна», — довзийтира Дагестанан Премьер-министра.
БАЙМУРАДОВ Мовсар