Воккхахилла

Цец-м дера ца велира со… Бакъду, и цхьа де карла а даьлла…
КорабӀаьргехь гучубуьйлу малх лечкъаргех ловзуш хеталора: цкъа, мархийн кирхьанна тӀехьа шерший, дӀатебаш, юха вукху агӀор, йокх-йоккхуш, нускалочух юьхь гучуйоккхий, бекхалуш…
Со схьавалийна машен, гӀарчӀ-аьлла бохь боьгӀна хелхарча санна, сан даггара чкъург хьовзош, ринжанан бертехь юхайирзира. Бухавуьсучу суна томана санна, цуьнан корийн Ӏаьмнаш чохь кхин цкъа а ловза техкира маьлхан сурт.
УьйтӀа воллушехь, забаршна юкъахьовзийна, кӀенташа чуваьхьира со. Зудабераш а дара, вовшийн белшех тийсалуш, лере теӀаш, шайлахь цхьацца шабар-шибарш деш.
НӀаьна-кӀорнин кийрара санна, хиэдаш, гӀоргӀа декна горгалин аз, хел-хелаш, кхачийна, дӀалекъира.
Тхуна тӀаьххье директор веара чу.
– Мила ву тӀаьхьависнарг? – цул доккха зулам дуьнен тӀехь дан а дац моьттур долуш, дийкира цуьнан хаттар.
ХӀора Ӏуьйрана, цхьацца класс юьхьарлоций, тӀаьхьабиснарш дӀаязбеш Ӏедал дара директоран. Дукха хьолахь, ша дора церан хьесап. Цкъа хьалха чохь Ӏийраш багарбора, зорбатуху машен цхьана пӀелга лелочо санна, хӀаваах пӀелг бетташ. Гулделла терахь журнала тӀерачул эшна хилахь, тӀецатоьурш тӀаьхьабисина лорура; ца вогӀуш, цӀахь Ӏийриг наггахь бен ца хуьлура, цамгар я цаторучух кхин бахьана оьшуш.
Жоп дала хьалатасалуш йолу староста бага гӀатто кхиале, суна тӀе бӀаьргаш буьйгӀира директоро:
– ХьалагӀаттал цкъа хьо! – олуш. ТӀаккха: – Миклух-Маклай! – аьлла, накъосташа, со хьовзош, забарна олург оьгӀазе тӀе а туьйхира.
Класс дӀатийра, мохк бего тохабелча лерг-сема йогӀалун ойла санна. Партин негӀар, кӀажошкахь цӀовза ца цӀовзийта, меллаша хьаладоьллуш, яьӀна таӀӀийна хьалаайавелира со. И кеп ярий а хаац суна орцахъяьлларг, цхьа бахьана-м дара. Аз юхаоьзна, вистхилира директор:
– ЛадогӀал, Макалов. Хьо товш вац берашна юкъахь Ӏаш. Хьо воккхахилла. Хьада дӀавало, цӀа гӀо, цӀахь оьшур ву хьо, – цо иза муха боху ца гора суна. Амма цхьана-шингара белар иккхича, суо кхеттачух тера хийтира.
КӀелдӀашхула шайтӀанан бӀаьра хьожуш, тергалвира ас директор.
Биъ некъ къаьстачохь къорза гӀаж ловзочу гаишнико санна, куьг дӀадахдеш, неӀ йолчу агӀор пӀелг тесира цо, ара стенгахула вала веза суна ца хууш санна. Цигахь, неӀарехь, интегралан кепехь озаелла лаьтташ, хӀинцца чоьхьаяьлла практикантка Ольга Ивановна а яра, кхин сехьагӀорта директорх ца хӀуттуш, ладоьгӀуш. Шех цуьнан бӀаьрг кхетча:
– Здрасьте… автобус… – бохуш, букара бехказлонаш ян хӀоьттира гӀалара схьалелаш йолу тхан Ольгванна. Иштта йоккхура оха цуьнан цӀе. Директоро, куьйгаэшара и саца а йина, резавоцуш корта ластийра, оха «ай-яй-яй» бохучу кепара туьдуш.
Цхьа миска яра Ольга Ивановна. Йилбазалла доцуш. Тема юьйцуш, артисто санна, куьйгаш ловзош. Тхан гӀовгӀанаш тергал а ца еш. Цо хьоьху «алгебра и начала анализа» тхан дегапхенех ца хьакхалора. Оцу тӀаьххьарчу дешан алгебрица хӀун юкъаметтиг ю, бохуш, юьхьанца къена хеттарш-м дира оха. ТӀаккха и хьийзо а яьккхира, тӀаьхьадисча, анализаш дӀалуш хьеделла, олуш эхьдоцчара, цхьадолчу зудабераша – хезначун декъара довлучух – лерга пӀелгаш а духкуш, цхьадолчаьргара – «Ӏовдал» боху дош а хезаш тхуна. Иштта жоп ас ца деллера, и дагадеанарг суо хиллехь а. «Бехке ву, муьлххачу а хьан кхиэлана реза а ву», – аьллера ас, тӀаьхьависча. Эпсарш чохь болчу киношкахь бинчу тидамера дара и. Цул тӀаьхьа соьга бахьана хоттуш а дацара. Вовшийн бӀаьра-м хьовсура – со охьахаийтале.
Цхьа къайле а яра тхойшиннан, тхойшинца декъахь физрук а волуш. Тхо кхоъ дигнера, районерчу хьехархойн командех тоьхна, гӀаларчу «Садко» бассейне нека деш къовсадала. ДегӀана иштта а тайна волу со, цхьана классехь шолгӀачу шарна а висна, и тӀаьххьара шо юккъедоьдуш, къоначу хьехархошка дӀагӀурттуш вара, юьхь тӀе урс тийса а волавелла, кехаташ ца таллахь, тхан хӀилла гучу а дер доцуш. Сайх бӀобулуш а вара, дийнна аьхке хи тӀехь йоккхуш хиларе терра. Ольга Ивановна а хиллера, ша бедо санна, нека хьокхуш. Амма тешнабехк хилира цунна, оцу… и духар дац?.. церан и лакха йоьхкург?.. оцу бехчалган лалам баста а белла. И тӀераяьлча, йоьхна ца хьаьвзаш, юха а йирзина, катоьхна, цициго кӀорни санна, и бага а йоьллина, финише дӀаяхара йоӀ. Секундаш а яхара дӀа, тӀаьхьа хилларш хьалха а бовлуш. Жюрис хасторан совгӀат дира цунна, «За волю к победе», аьлла, йоза а деш грамоти тӀехь, барта кхайкхийнарг «За находчивость» а долуш. «Не смей никому говорить!» – элира Ольга Ивановнас. Со велакъежира, бӀаьрга тӀе бӀаьрг хӀоттош. – «Дай слово мужчины!» – дийхира цо, юхавала меттиг ца буьтуш. Дера яра-кх ша-шена декъаза миска-м и, дагара хаийтича а (тӀаккха ткъа!), «Не смей!» – олий, чӀагӀлуш, амма: «Пока школу не закончишь», – олий, яста а луш…
Школа юкъахйисира.
Накъосташка куьйгаэшара «гур бу вай!» ала сакӀамделира сан, амма кӀесаркӀаг чохь директоран бӀаьргаш хаалуш, куьг ласто ца хӀоьттира. Ольга Ивановнина юххехула волуш, цуьнгахьа болу бӀаьрг-м таӀийра ас, чуьрачарна гойла доцуш. «Макалов! Не смей!» – аьлла, тӀаьхьахьастаелла къора ойла неӀарна юкъахь юьсуш, ара а велира.
– Ахь хӀун леладо, ва кӀант? Хьо ма паргӀатваьлла? – тхан ненахойх ларалуш йолу горгамхьокхург а цецъелира, яьссачу ученан боданечу кӀажахь, директор араволу ларвеш, лаьтта со а гина. – Кхузахула а ца хьийзаш, дӀавáла, цӀа гӀуо. Хьо гучуваьлла а вац бохуш ма яра Вашин зуда а.
Араваьлча, макхъяла керчачу стиглахь малх лехира ас. Тхан Бабин бӀаьрга тӀе еана бохург санна, цунна дуьхьала а марха хӀоьттинера. Со ВашигӀеран кетӀа кхочуш, лаьтта хьаьрсинчу маьлхан догӀанан тӀадам а буьйжира сан мера тӀе. Жима волуш суо Вашис хьостуш хилла кеп дагаеана, хьакхаболуьйтуш, мерах пӀелг туьйхира ас, и тӀадам дӀакхуссуш.
Машен цӀахь яцара. УьйтӀахь а вацара со ларвала цхьа а.
– Валол, гайта вайшимма хьо! – аьлла, Вашин зудчо – кхаъ боккхучух – неӀ йиллича, къажа а къежна, оцу неӀаран гурах ши куьг а гӀортийна – и дӀасабаккха санна – лергана онда волчочул башха аз ца кхоош, чу мохь хийцира ас, бӀаьргаш говза гӀунжардохуш, ворта а саттийна, мотт а толкхабоккхуш:
– ХӀей ну-нускал… схьадерзал хӀо-хӀоккхуза… со го-гой хьуна… со ву хьу-хьуна и… хьо суна я-я-ядийна… ю-ю хьуна…
Цуьнан карара нуй охьабоьжча, хуьлучух кхетта, дохковала а кхиира со айса йинчу, Вашин зудчо ма-аллара, Ӏовдалчу забарна.
– Хьайн Дала ма лá хьо! – олуш, тӀехьаьддачу цуьнан карахь самалделира нускалан. Ткъа ас, кетӀахь сецначу машенан гӀовгӀа а евзина, къайлаволу бахьана дира.
ХӀинца хӀокху дакъазамаваларо а эли-кха, ша кхуза валош баьхкинчара букъ берзошшехь, юха чу а кхайкхина:
– Воккхахилла хьо, Макалов. Заявлени язде, – сан киснарчу телефоно эццехь тӀаьхьара «кӀац» а деш. – Сайна зам сайца схьавалийна ас, – аьлла, гӀарол санна, чу-ара волург ларвеш, неӀарехь лаьттачу цхьана бера-тӀорзана тӀе чӀениг а хьажош.
И «воккхахилла» боху дош хезча, школера цӀа хьажош, сайга директоро аьлларг карладаьлла, цкъа велар иккхира соьга, аьтто боцучохь къевкъинчу чуьйрел башха, саца а ца делла. Юха, цергашна дуьхьал бетан гуо къуьйлуш, и «кӀац» дина СМС схьаелла нуьйда таӀийра ас, ма-дарра аьлча, легаш дакъа а делла, уьш дашош, жимма багара туй озархьама.
Когашна хелхаран гилгаш дохуш, серлаелира экран: «Суна кхаъ! Денда хилла хьох! КӀант веана…» – аьлла. Айса и кхаъ бешале, «Пенси доладаллалц мукъана а…» бохург дагатеснехь а, иза багах ца доккхуш:
– Вай доххал хӀуманаш дацара уьш-м. Тахана – со, кхана – кхин… Рицкъанаш Делехь ду, – хӀокхул хьалха баьхкина-баханчаьрга сол хьалха баханчара баьхннарг элира ас, мелла а атта ала гӀерташ, когашкара некхе хьалагӀертачу гилгашна юккъешхула: – Маца дуьйна? – аьлла, сайгара тӀе а тухуш.
– Тахана дýьйна. Приказ кийчча ду, куьг яздан чудеана. Кху тӀера гӀалат нисдайтахь оччохь Ӏач йоӀе, – аьлла, кехат схьакховдийра цо. «ГӀалате» хьаьжира со. Ша куьг яздан дезачу тӀаьххьарчу могӀанехь фамилина хьалхара «С.Д.» боху ши элп дӀа а дайина, хӀокху «хьекъалчас» тӀеяздина «Сомбек Дууевич» дара, «оччохь Ӏач йоӀа» а иштта «нисдан» дезаш.
«Кхузахь дуийла ю моьттуш веана хир ву-кха хьо, С.Д.», – аьлла, юха а директор карлавелира суна. Цуьнан инициалаш а ма ярий иштта. Низам чӀогӀа ларден эпсар санна, иза тӀех «нийса» хеттачу цхьаболчу хьехархоша – немцойн фашистийн СД дагахь – забарна алларх, цунах тӀаьхьашха йоккху цӀе яра и СД бохург, юьхьадуьхьал яккха цхьа а ца хӀуттуш.
– Таханлера де-м дӀадаьллий дара… со балхахь а волуш, – аьлла, букъ берзийра ас.
Кехат секретаран стоьла тӀе охьа а доссийна, леррина оцу стоьла тӀера телефон хьовзийра ас цӀерачуьнга вистхила. Балдаш тӀехь шарам бечуьра юкъахъяьккхинчу секретаро, кехате а хьаьжна, бетан йистош охьаозочу юкъана дӀакхийтира телефон. Дуьхьала йистхилларг берийн нана юйла хиъча: «Со да волу бахам хьан бу-кха!» – аьлла, кхаъ дӀалучух хьаставелира со, мацах, тхойшиннан хьалхарчу Ӏуьйрана санна. ДаӀ санна, лелош ма юй сан иза, нускалахь йолуш ас хӀоттийначу кепана хӀинца а къинтӀераялаза.
– Заявлени… заявлени… хьайн лаамехь алий… – хӀинца кхузахь да мила ву гойтуш санна, кабинетан ший а неӀ чу-ара дӀасайиллинчохь юьтуш, некхан ваз а дусийна, неӀар-сагӀи тӀе – доза хьошучух – ког базбеш, приемни чу ваьлла керла хьаькам а, цхьа куьг салтичун сихаллехь стоьлан негӀарна кӀел хьош, ургӀал санна, хьаланисъелла секретарь а, балхах вухуш волу со стенах воккхаве ца кхеташ, барт бича санна, ший а вовшашка хьаьжира. Секретаран шурул кӀайчу юбки тӀехь цӀен хьоькх еш, буйнара баьлла, цӀенкъа боьжначу басаран патармо церан и хьажар, хьарча ца кхуьуьйтуш, юкъах а даьккхира.
Сан метта валийнарг-м, суна тӀера бӀаьрг ца тилош, гӀорийча санна, лаьттара. Малх а кхозура, коре охьабеана, тхох боьлуш.
…Зуда а ялийна, кхана Ӏуьйрана ишколе вахана дешархо-м кхин ца ваьлла тхан юьртахь.
АХМАТУКАЕВ Адам
«Вайнах»

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля