Путинс дийцира дуьненайукъара хьолах лаьцна

Россин Федерацин Президентца В.В. Путинца 5  сахьт сов хан йаьккхира з1е латтош, цхьа мог1а мехала д1ахьедарш билгалдаьхна махкахь долчу хьолах а, цуьнан дуьненайукъарчу хьолах а лаьцна.

Цо ч1аг1дира леррина т1еман операци д1ахьочу территори т1ехь хьал кхиамехь хилар а, йерриг а т1еман мог1анехь вайн эскарша лелийна турпалаллин г1уллакхаш билгал а дохуш.

Цо аларехь, Россин экономика дика кхиамаш хуьлуш йу, санкцийн арахьарчу чолхенашна а кхиамца дуьхьало йеш.

Президента Путина къаьсттина ч1аг1дира суверенитет чоьхьара мехалла хилар, цуьнан коьрта аг1о ч1ог1а экономика хилар. Цуьнца доьзна цо билгалдаьккхира белхазалла вуно лахара хилар (2,3%) а, макроэкономикан гайтамаш цхьанаэшшара хилар а. Цуьнан прогнозца, 2025 шо кхачале ВВП кхиар хир ду 2-2,5%.

Оьрсийчоьнан куьйгалхочо иштта тидам т1ебахийтира махкахь т1аьххьарчу шина шарахь экономикан кхиарехь Европерчу пачхьалкхийн гайтамашна т1ехбевлла кхиамаш хиларна а. Цо ч1аг1дира Россин арахьара т1е1аткъам лан ницкъ кхочуш хилар а.

БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля