Путин Владимир: «Вайн цхьаалийн ницкъ ч1ог1а мехала бу»

Хасавюрт г1алин вахархочо Сайдуллаев Руслана иштта дийцира Путин Владимиран д1айаьхьначу цхьаьнакхетарех.

Йерриг а пачхьалкх сатуьйсуш яра вайн пачхьалкхан президентаца Путин Владимир Владимировичца мог1ане з1е д1айахьаре.

Пхи сахьт ца кхоччуш ма-дарра эфир д1айаьхьначу хенахь тайп-тайпанчу хаттаршна жоьпаш хезира бахархошна, амма коьрта тидам т1ебахийтира леррина т1еман операци д1айахьаран хаттаршна.

Куьйгалхочо билгалдаьккхира Россин т1еман белхахойн турпалалла, вайн эскаран а, мехкан а таронаш кхуьуш хилар ч1аг1деш.

Цул сов, д1ахьедира эскархойн а, церан доьзалийн а социальни мехала агӀонаш а, иштта кхин долу мехала хаттарш а.

Леррина т1еман операци д1ахьочу зонехь хилла ца 1аш, шайн к1ентий, вежарий Толамца ц1а бахаре сатуьйсуш болу эскархой а, церан гергарниш а.

Тахана вайн пачхьалкхана дуккха а мехала бу цхьаалийн ницкъ, вайн йукъара машар  а, цуьнан сирла кхане а

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля