Хилла кхиамаш д1абийцира вайн пачхьалкхан куьйгалхочо

 

«Нийсо-Дагестан» газетан  декъан редакторо Султаханова Румис селхана Москвахь д1айаьхьна Путин Владимира «Прямой линих» лаьцна иштта дийцира.

2024-чу шеран г1уран беттан 19-чу дийнахь Путин Владимиран х1окху шарахь т1аьххьара «Прямой лини»а, пресс-конференци а хилира.

Дуьненаюкъарчу кхачамбацарех а, чоьхьарчу хийцамашех а дийцира президента,  ма-дарра шадерг олуш. Владимир Владимировича дуккха а хаттаршна жоьпаш делира тайп-тайпанчу декъера, социальни, политически дуьненаюкъарчу йукъаметтигашка кхаччалц. Цо гайтира махкахь а, дуьненайукъара а з1е а, цхьаьнаболхбар а оьшуш хилар.

Хиллачу шеран жам1аш ч1аг1до вайн пачхьалкхан куьйгалхо дика болх беш хилар, пачхьалкхах а, цуьнан бахархойх а дог лозуш хилар.

Вайн эскарх дозалла дира президенто, хилла кхиамаш а д1абийцира. Керла герзах лаьцна а дийцира цо, ша а дакъалецира  иза арахоьцуш, элира Путинс.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля