Терроризм – ницкъбаран идеологи

Терроризм — доккха зулам ду. Вовшахтоьхна адамийн тоба шайн 1алашоне кхача г1ерта, ницкъбарца. Террористаш — нах луьйцуш, адам дукха гуллучу меттигашкахь лелхийтарш вовшахтухуш, герз лелош болу нах бу. Бехк боцу нахана, шайна йукъахь бераш а долуш, зенаш хуьлу.
Кхузаманан хьелашкахь терроризм Россин Федерацин къоман кхерамзаллина коьртачу кхерамех цхьаъ йу, цо билгалдоккху цунна массо а аг1ор дуьхьало йан йезаш хилар. Терроризмана дуьхьало йарца доьзна хаттарш Россин профильни концепцин низамашна т1ехь лаьтташ ду. Цаьрца йог1уш бакъонан актийн а тоба йу, терроризман г1уллакхаш къастош, уьш д1адаха, талла, терроризм гучуйаларан т1аьхьалонаш лахйаран а, д1айахаран а 1алашонца.
Россин Федерацин «Терроризмана дуьхьало йар» ц1е йолчу Федералан законца а дог1уш, терроризм — ницкъбаран идеологи а, 1едалан органаша, меттигерчу 1едалша йа дуьненайукъара организацеша сацамаш т1еэцарна т1е1аткъам баран практика а, бахархой кхерорца а, кхин низамехь доцу ницкъбаран кепашца а доьзна г1уллакхаш ду.
Террор, политикан къийсамехь 1алашонаш кхочушйаран некъ санна, дег1ана ницкъбарца а, г1иллакх-оьздангаллин а, психологин а кхерамаш тийсарца а йевза. Амма тахана терроризм вайн заманан уггаре а кхерамечу дуьненайукъарчу баланех цхьаъ хилла д1ах1оьттина, йерриг а дуьненан йукъараллин кхерамзаллина боккха кхерам болуш. Халахеташ делахь а, Росси йара шен уггаре а вочу гучудовларшна дуьхьал нисйеллачу пачхьалкхашна йукъахь.
Терроризм — ницкъбаран идеологи йу. Тайп-тайпанчу кепашкахь оцу г1уллакхашна йукъайог1у терроран структураш кхолларан йа кхолларан нийаташ х1итторца йоьзна йу. Оцу г1уллакхашна ахча латтор а, кхин долу г1о дар а, йукъараллин-политикан 1алашонаш кхочушйархьама ницкъбаран кепаш д1асайаржор а, терроран акташ йар а кхоьллина йу.
Терроран коьрта 1алашо – нах кхерор, дуьхьалончаш тохар, ницкъбаран акташ йар а, адамаш х1аллакдар, иштта д1.кх. а.
«Терроризм», «террорист» боху кхетам гучубелира Францехь XVIII б1ешо чекхдолуш. «Терроризм» боху дош зуламхочун синоним хилла д1ах1оьттира.
СССР-хь къаьмнийн девнаш лакхадалале терроризм вуно наггахь бен ца хуьлуш хилла. Вайн пачхьалкх ч1ог1а дуьхьал х1оьттира терроризмана «перестройка» йолчу хенахь.
Х1инцале а 1990-чу шарахь цуьнан территори т1ехь 200 гергга эккхийтар дина, цу чохь 50 сов стаг велира.
Терроран акт йеш ца хаьа шен билггал зе хир берш, х1унда аьлча, иза хьажийна йу, уггаре а хьалха, пачхьалкхана дуьхьал. Цуьнан декхар ду пачхьалкх а, цуьнан органаш а, йерриг а йукъаралла шен куьйга к1ел йерзор, террорхойн а, царна т1ехьа лаьттачу нахана а, вовшахтохараллашна а лехамаш кхочушбан ницкъ бар.
Тахана Дагестанехь терроризмца а, экстремизмца а къийсам латторехь Комплексни планца боккха болх беш бу. Ала дашна, х1ора шарахь, дешаран хьукматаш дакъа а лоцуш, «Бераш террорна дуьхьал» бохучу темина конференцеш д1ахьо, цу декъехь шайн хаарш а, оцу кхерамна дуьхьало йан шаьш кийча хилар а гойтуш.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля